ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Могшаллина пайде хиш дуккха а ду Нохчийчохь


ДIадаханчу мукъачу деношкахь Гуьмсан кIошта кхечира со. Хаза кечйинчу Гуьмсехула, шерачу новкъахула Хаьнгиш-Юьрта, аьлча а, цунна уллохь догIучу хи тIевахара. Иза дуьйцуш дара, вуно чIогIа кийрара тIулг башош ду бохуш. Некъа йистехь ду и хьаст, тIетоьхна биргIа а йолуш.

И хи хьехначу цхьаммо аьллера, цо жаннаш чуьра тIулг кIиранах башийна шен. Амма и хи цергах а ца кхоьтуьйтуш мала деза, цо цуьнан чкъуьйриг йохайо аьлла. Леррина и хи оьцуш воллуш, массийта машен сецира цигахь.

Цара-м кружканаш хьала а ийъеш, дIамолура иза. Оцу хино тIулг башабо бохург бакъ дуй аьлла хаьттича, "дуьйцуш-м ду, амма цо кийрара башош белхьара, иза тIеIена тIулг хIунда ца башабо", аьлла яссийна куржка ша хиллачу метте дIахIоттийра цхьана стага.

Дарбане ду аьлла цхьана стага алахь, оцу метте дукха нах оьхур бу. Соьга аьллачу стага, хаз а деш дуьйцура, чIогIа гIоле хилла шена бохуш. Ткъа, Хаьнгиш-Юьртара хих цигахь иза молуш хиллачу наха бахарехь, лаьттах буру а тоьхна долуш долу могIарера хи ду иза.

Цхьаммо элира, иза шен накъосто лабораторе талла даьхьнера аьлла. Цигахь а, мала мегар долуш хи ду, аьлла жоп деллера, я хIара, я важа цуьнца дуккха а ю шуна ца олуш. Дарбане хиш ду Нохчийчохь дуккха а. Довха хиш ду дукхахдерш.

Цхьа а кIошт хир яц, ур-аттала Соьлж-ГIала а, иштта цхьа хьаст доцуш. Оццу Гуьмсан кIоштарчу Мелчухехь а, Соьлж-ГIаларчу микрорайонехь а, Соленая балка олучу меттехь а, Шуьйтан кIоштарчу Зонахахь а, нах Iай-аьхка а луьйчу дарба хиларе сатуьйсуш. Оцу массо а меттехь хилла ву Соьлж-ГIалара вахархо Жамалдинов ШаIман. Шена дарба хуьлу меттиг а йийцира цо.

Жамалдинов: «Со Зонах вахнера. Шозза бен цига вахана воццушехь, сан лозуш йолу настарш тийра. ЧIога бала хьоьгуш вара со цаьрга. Ткъа вуьшта-м Соленая балка олучохь долу хи ду дика. Шайн-шайн цхьацца хIума хир ду-кх оцу хишца».

Цигара дерг хIун хи ду, цо хIун до хьуна, аьлла шега хаьтича Жмалдиновс элира.

Жамалдинов: «Шелвеллачу стагана чIогIа дика дарба до цо. ДегIан меженаш лозучарна а до. Буьйсанна вижар а доцуш, со сахиллалц ирахь лелачу хенахь, суна чIогIа гIоле йира цо».

Соленая балка олу меттиг Старопромыслан кIоштахь регIан юьххьехь ю. Шен ницкъаца лаьттара бухдолуш ду цIе санна довха хи. Иза декъна зударшна а, божаршна а, харш а дина, гонаха керташ а йина. Наха, шаьш ахча а гулдина, кечйина и меттиг. ГIалгIайн махкара а нах гина суна цигахь. Радон олу радиацин газ шеца йолуш ду и хи.

Иштта довхачу хиш тIе къена баккхий нах балабо. Цхьана дийнахь цига валийнера 100 шаре гIоьрттина ала мегар долу воккха стаг. Дехьа-сехьа иза охьа ца кхетийта лаьцна вара ши жима стаг. Узарш а деш, букар вахана и къена стаг кхехкачу оцу хи улло валийра.

Циггахь ког шершина, оцу шина кIентан карара а ваьлла гоьллелц долчу цу чу вуьйжира иза. Хилларг хIун ду кхетале, хIоз хилла валийна волу воккханиг, дукха сиха цу чуьра хьалаиккхина дехьа йисте дIахIоьттира. Шеца хиллачу шина кIантана а луьйш, дегI нисдина сихачу боларца ша тIевахара иза машенна, шена хиллачу дарбанах цецваьлла.

Нохчийчохь долу и хиш толлуш а дац Iедало, уьш мел дарбане ду я дац олий. Цундела наха шаьш шайна хетачу агIор пайда оьцу царах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG