ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъастор Кадыровна хьоьхуш пост арахецнарг политикан тутмакх лаьрра "Мемориало"


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

"Тумакхашна орца. Мемориал" бохучу бакъоларйаран проекто политикан тутмакх лаьрра Хабаровскан кIоштан вахархо Зарипов Захар – Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъастор Кадыров Рамзанна хьоьхуш пост арахецнера цо. Терроризм бакъйар бохучу артиклаца лецира иза чиллан-беттан 27-хь.

Бакъоларйархошна хетарехь, Зариповс динарг зуламе хIума дац, тIаккх цуьнан бехктакхаман гIуллакх харц бухца долийна ду, оьрсийн Iедалан критикаш кхерон Iалашонца.

"Шена цхьанна Кадыров Рамзанна лерина ду цо йаздинарг, амма шена Зариповс "хьоьхург" цо дешна хиллехь а, иза тидаме оьцур дацара цо. Цул сов, и пост шена жоп оьшуш йоцуш Iоттар йу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна йина, хIунда аьлча, йеххачу заманчохь дIакъаста гIерташ хилла йолчу Нохчийчуьра хIинца нах хьийсош хиларна кхечу пачхьалкхана дуьхьал агресси лелон", – аьлла хета "Мемориалехь".

Йукъараллина цхьанна а кепара кхерам ца бохьу Зариповн посто, аьлла хета царна.

Пост хIоттийна шо даьлча дIалецира Хабаровскан махкара вахархо. Талламхойн версица, 2022-чу шеран бIаьста scribble_33 никаца "Дийначу Журналехь" пост арахийцира цо "Кадыровна лерина хьехар" аьлла цIарца. Зариповс Кадыровна хьийхира, Нохчийчуьра эскархой Украине а ца хьийсош, шен регион дIакъастийта Iалашо йе, аьлла.

"Герз карахь Iедал дIа а лаьцна, Оьрсийчоьнан цхьаалла йохоран Iалашо" карийна цуьнан дешнашкахь лингвистикан экспертизина. ХIинца цунна цхьа миллион соьме кхачалц гIуда тоха, йа пхеа шарера ворхI шаре кхачалц набахте хьажо мега иза.

  • Хьалхо Хабаровскан мехкар губернатор Фургал Сергей дIалацарна дуьхьал протестехь дакъалецира Зарипов Захара.
  • Украинина дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалии сайтан хьасташа а масийттазза дийцира, махкахь полисхоша лечкъийначу нахе а тIамехь дакъалоцуьйту бохуш. Царех цхьаболучарна хьоьхура йа тIаме доьлху шу, йа шайггара долийначу гIуллакхехула набахте доьлху. Иштта Нохчийчохь салтий хуьлу, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарнаш. Бертаза Нохчийчуьра бахархой тIамтIе хьийсабо бохуш, хаамаш кхочура Оьрсийчоьнан Iедалхоша мобилизаци йирзина аьллачул тIаьхьа а.
  • Лаккхарчу Радехь сацам бина, Нохчийчоь Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина хилар бакъ деш, "нохчийн къомана йина геноцид" йемалйеш. Цу сацамна кхаж тесна гуламерчу мел волчу 287 депутато. Бинчу сацаман авторех цхьаъ Гончаренко вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG