ГIазза декъе орца хьажорах Нохчийчохь дIахьедар, ГIиргIазойчоьнан кхело нохчийн жимстаг Мовлаев Мансур пачхьалкхера араваккха сацамбар, камерашна хьалха нохчийн спортхойн йуьхь йахар - цунах кхиндолчух дуьйцу Маршо Радион 38-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
ГIаззера мухIажарш тIелаца кийча бу боху Нохчийчохь
Нохчийчоьнан а, Дагестанан а Iедалхоша дIахаийтина, ГIазза секторера ца бевллачу денна арабуьйлу нах тIеэца регионаш кийча хиларх – хаамашкахь "Палестинера мухIажарш" олу царах. Нохчийчохь дIахьедина, 250 стаг дIатарван йиш йу шайн аьлла, Дагестанехь – 200, хьалхара 50 стагах лаьтта тоба кху кIиранах ларйеш йу.
Нохчийчохь кечамаш бу беш Оьрсийчоьнан бахархой тIелаца, хаамбира регионалан чолхечу хьолан министралло, кхоьллина оцу гIуллакхна белхан тоба. "Грозный" ЧГТРК-но билгалдоккху, 250 стаг дIатарван сацам тIеэцна мухIажаршца болх бечу Федералан штабо аьлла. Шела кIоштара Эвтарахь йолчу могушалла тайен "Горный ключ" лагерехь охьаховшор бу уьш.
Иштта "Палестинера мухIажарш" тIелацар дийцаредира Дагестанан министрийн кабинетан кхеташонехь а. Цуьнан куьйгалхочо Абдулмуслимов Iабдулмуслима дIахьедина, 200 гергга стаг дIатарван аьтто бу республикин Карабудахкентан кIоштара "Леззет" санаторихь а, ХIинжа-ГIалара "Дельфин" хьешан хIусамийн комплексехь а. Цо чIагIдо хьалхара мухIажарийн 50 стагах йолу тоба хIара кIира чекхдалале схьакхочуш йу. Хьукматашна тIедиллина царна транспорт вовшахтохар а, нахана лоьрийн гIо латтор а, зIе, уггар а хьалха оьшу хIума нисйар а. Оцу Iалашонашна Iедалхоша кхоьллина белхан тоба йу.
Дагестанера официалан хаамашкахь къастийна дац, буьйцурш Оьрсийчоьнан бахархой буй, амма царна улло бевллачу гочдархойн дIахьедаршца дуьстича, хила тарло царлахь Iарбойн бахархой а.
Цул совнах, 250 "Палестинера мухIажар" тIеоьцуш хиларх хаийтина Башкортостанан Iедалша а, хаамбо пачхьалкхан ТАСС агенталло, - Оьрсийчоьнан МЧС-н куьйгалхочуьнца Куренков Александрца хиллачу кхеташонехь тIеэцначу сацамашна тIетуьйжу уьш. Иштта де хьалха хаамбира, ца бевллачу денна ГIазза секторан дозанашкара арабевлла I30 бахархой Калуган кIоштахь дIатарбийр бу аьлла.
Соьлжа-ГIалара гIо Кадыровн фондан чоьтах хьажийра, амма и дIакхачориг Оьрсийчоьнан МЧС-н кема дара. Оцу кепара Кремл генайала гIерта палестинхошна гIодарх, бохура дуьненайукъарчу Transparency International цхьанатохараллехь. ХIинжа-ГIаларчу антисемитийн къепедацарш хиллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан а, Израилан йукъаметтигаш талхарца доьзна хила тарлора иза. Цундела и гIо "бусулбанашкара бусулбачарна" лерина Нохчийчуьра хьежадо, бохура Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу комментарехь Оьрсийчуьрчу Transparency International-н куьйгалхочо Шуманов Ильяс.
"Дуьненайукъарчу аренехь къаьстина статус йолчу Кадыровгахула и орца хьежорца, оцу хьолана генайолу Кремл. Вайна гина ма-хиллара, йуьхьанца и гIо оьрсийн ду олий, билгалдоккхура. ХIинца Кадыровгахула хьежош долу и орца дийцаре дича, иза оьрсий официалан Iедалера дац, билггал цхьана субъектера ду ала йиш хир йу церан".
Бусулбанашкара къобалвар оьшу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна, амма махкахь ГIазза декъерчу бахъархошна тIехIуттуш барамаш кечбайта лууш вац иза, бохура гуьржийн Рондели Фондехь. Масала, Соьлжа-ГIаларчу цхьайолчу школехь палестинхошна лерина ахча хьежор мегар доцийла хийтина Iедало, бохуш дуьйцура, тIаккха Палестинин байракхаш, стикер ца магайо республикехь, бохура оппозицин NIYSO телеграм-канало.
Нохчийн спортхойн йуьхь йахар
Гоьваьллачу шина блогерера-спортхошкара Тамаев Асхьабера а, Эмиев Iарбигара а бехк баьккхина спортан а, кегийрхойн политикан министро Ибрагимов Iийсас "шеконе роликаш" йахарна. Цу шиммо дош делла "нохчашкахь товш йоцчу роликашкахь" кхин цкъа а шаьшиммо дакъалоцур дац аьлла.
"Нохчийн къоман сий, йахь йойуш, интернетехь лелар магийта йиш йац, шога барамаш дуьхьал бохур бу царна", йаздина Ибрагимовс шен телеграм-каналехь блогершца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа. Ша урхалла дечу министраллица "йукъарло лело лаам хиларх хаийтина" цара, тIейогIучу заманчохь "шайн бизнес-проекташ шеконе рекламаш ца йохуш, кхочушйийр йу" цара.
Ишта Ибрагимовс билгалдаьккхина, "нохчийн къоман векалш, шаьш миччахь белахь а, церан бакъо йац ойла ца йеш хIума лело, дукха хенара схьа дуьйна дIахIиттийна ламасташ шеконе дахка". Стохка марсхьокху-баттахь нохчийн куьйгалхоша блогершца-спортхошца хиллачу цхьанакхетарехь аьлла дешнаш ду уьш. Оцу цхьанакхетарехь вара Тамаев а, Эмиев а.
Стенна бехкаш даьхна блогершкара, хоуьйтуш дац. ТIаьххьара Эмиевс публикаци хIоттийна инстаграмехь кIира хьалха – трэш-ролик йу иза Тамаев а, Эмиев а йукъахь волуш йаьккхина. I0 миллион сов агIоне йазвелла Тамаевн аккаунт карарчу хенахь дIакъевлина йу.
Марсхьокху-баттахь Кавказ.Реалиино хаамбира, "Кхерамзаллин интернетан лигин" куьйгалхочо Мизулина Екатеринас арз дина, Тамаевна дуьхьал антимонополин гIуллакх долорах, Тамаевн телеграм-каналехь онлайн-казинона реклама йарна. Гезгамашин-баттахь Мизулинас дIахьедира, низамаш ма дохаде аьлла Нохчийчуьра Федералан антимонополин урхалло Тамаевга дIахьедар дарх. Карарчу хенахь телеграмехь цхьа могIа каналаш йу, Тамаевн а, Эмиевн а цIарех пайда а оьцуш, азарте ловзаршна реклама йеш.
Нохчочуьнга Мовлаев Мансуре ГIиргIазойчуьра дIагIо аьлла кхело
ГIиргIазойчоьнан кхело аппеляцехь махкара аравалар тIедожийна Нохчийчуьрчу вахархочунна Мовлаев Мансурна - хьалхо йалх баттана набахте хьажийра иза, нихзамехь доцуш доза хадорна. Амма адвокаташа Мовлаевна мелла а лакхара хан тохар доьхура, иза Оьрсийчоьне дIа ца валийтархьама. Жимстага бохура, нагахь санна, ша оьрсий Iедале дIалахь, Нохчийчохь вен кхерам лаьтта шена.
Цуьнан адвоката Афтандила Бакыта дуьйцу хьолах лаьцна:
"Прокуратуро а, цуьнан адвокаташ долчу оха а Мовлаев Мансурна мелла а лакхара хан тохар доьху, амма цо йалх бутт набахтехь баьккхина хилар тидаме эцна кхело, цундела иза оцу кхелан зал чохь маьршаваьккхира. И цхьамма а дIа ца лецира, ураме аравелира иза".
Афтандила тIечIагIдира, Мовлаев ГIиргIазойчоьхь вуьссуш ву, хIунда аьлча, кхелан сацам аппеляцехь къовса дагахь ву иза.
27 шо долу Мовлаев Мовсар тхэквандо спортан мастер ву. 20I8-чу шарахь инженер болх беш вара иза "Чеченэнерго" компанихь. Цхьадолчу зорбанаша а, иштта нохчийн оппозиционераша а хаамбарехь, 2020-чу шарахь кхо шо тоьхнера цунна меттигерчу Iедална критика йарна. Делахь а, муьлхачу артиклехула цунна таIазар динера - кхелийн сайта тIехь оцу кепара бина сацам бац.
Мовлаев хенал а хьалха 2022-чу шарахь маьршаваьккхира, амма марсхьокху-баттахь йуха а лачкъийра иза Нохчийчуьра Шела кIоштан ОВД-н белхахоша. Цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь латтийнера Мовлаев, амма цуьунан ка йелира къайлах вада. ГIиргIазойчу кхечира иза карахь кехат а доцуш, стохка дуьйна цигахь вара иза, йаздо 24.kg сайто. Оьрсийчохь Мовлаев лехамашка велла, экстремизмех гIуллакх долош.
Нохчийн жигархойн хаамашца, кадыровхоша лечкъийна бигинера Йоккхачу АтагIахь беха Мовлаевн боллу гергарнаш. Шеларчу полицин декъехь уьш латтийна а бохура.
Терроралла лелорна бехкевина, стаг вийна ГIалгIайчохь
Терроризмана бехкехетарг вийна гIалгIайн Сунжехь, иза лаца хьийзачу хенахь аьлла, хаамбина пачхьалкхан "Интерфакс" агенталло регионера полисхошна тIетевжина. Лазийна цхьа белхахо. Республикера къайлахчу сервисийн урхалло дIахьедина, тIемалочунна гIо деш хилларг вер тIечIагIдо шаьш аьлла.
"Леррина операци йацара и, вуьшта иза лаца гIертара тхо, амма иза герз детта волавелира. СОБР-н белхахо лазийна", - билгалдаьккхина Кавказ.Реалиин регионера хьасто. ФСБ-н ницкъашца "СОБР-н белхахоша гIо а деш" лоцуш вара иза, тIетоьхна.
Къамелдечо бахарехь, вийначун цIе йу Ганиев Хизир. Цунах шеконаш йара, стохка бIаьста ГIалгIайчохь цхьа могIа кхийсаршкахула долчу гIуллакхна тIехула лаца кхайкхийначу 33 шо долчу Гуражев Амирханна а, 35 шо долчу Оздоев Адамна а гIо латторна.
Вийначу Ганиевн агIор хиллачух лаьцна комментарий йац Кавказ.Реалии редакцин.
Охан-баттахь ГIалгIайчохь кхийсаршкахь вийра полисхошна тIелетарш дина ву аьлла виъ стаг, кхин а шиъ лецира – исс лаца кхайкхийра. Iедалхоша чIагIдора, тIелеттачара шаьш Оьрсийчохь террорхойн леринчу даIишхойн тобанан агIнчаш ду аьлла, дIакхайкхийнера.
"Соьлжа-ГIалин таксин" куьйгалхо йу Кадырова Табарик
Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьалгIа йоI Кадырова Табарик мохь дIасакхоьхьу "Соьлжа-ГIалин Такси" организаци йиллинарг хилла. Карарчу хенахь официалехь I2 коммерцин компанин долахо йу иза. Пачхьалкхан юридикан нахах хIоттийначу реестрехь йаздина ду цунах лаьцна.
Хьалхо "Соьлжа-ГIалин такси" Кадырова Табарикан йара "Ирс Групп" компанино йукъарло лелош, кху деношкахь оцу кехаташ тIехь бина хийцамаш бу – уставан 75 процент капитал хIинца Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIан долахь йу, ткъа цо доладеш хиллачу "Ирс группана" йисина 25%. Цул совнах, директор а хийцавелла компанин – Мехтиев Саламан меттиг дIалаьцна хIинца Кутрашев Расула. Цуьнца цхьаьна цо куьйгалла до КадыровгIеран дай баьхначу йуьртахь регистраци йинчу "Торг-Бизнес" фирмин а.
Марсхьокху-баттахь дийца даьккхира, I9 шо долу Кадырова Табарик "Берекет", "Тийналла", "Минутка", "Альпийские луга" компанеш йиллинарг а хиларх. Цул а хьалха "Ирс групп" фирмехула дола дора цо церан.
Кху шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчохь йолчу Оьрсийчоьнан "Яндекс" таксин компанин тарифаш шаьш йолчул кхузза йазйелира. Нохчийн оппозицин жигархоша бахарехь, иза доьзна ду меттигерчу кхечу таксин компанешна дуьхьал кадыровхоша йинчу "рейдашца". Нохчийн оппозицин жигархоша бахарехь, иза доьзна ду меттигерчу кхечу таксин компанешна дуьхьал кадыровхоша йинчу "рейдашца". Соьлжа-гIалахь болх беш ву масех таксин меттигера оператор, царех уггаре йоккха лоруш йу - "Грозненское такси фирма.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: