ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIашний, хIирашний юкъара экаме машар


Оьрсийчоь -- ГIалгIашний, хIирашний юкъара конфликт. Оьрсийчоьнан эскарш Пригородни кIоштахь, Лахь.26,1992
Оьрсийчоь -- ГIалгIашний, хIирашний юкъара конфликт. Оьрсийчоьнан эскарш Пригородни кIоштахь, Лахь.26,1992

25 шо кхаьчна Пригородни кIоштахь бохам иккхина.

ГIалгIайн махкахь тахана дагалецира хIиришца шайн хиллачу девнан 25 шо кхачар. И тезете лору де билгалдаьккхира цигахь беллачеран хIоллама хьалха дIаяьхьначу митингаца. Дакъалецира Iедалхоша а, юккъараллин а, кегийрхойн а цхьаьнакхетараллийн векалша а.

25 шо хьалха масех дийнахь лаьттинехь а, дукха къизаллица дIадаьхьначу цу девнна бехке берш муьлш хета шайна аьлла «Маршо» радиога дийцира гIалгIайн юкъаралхочо Манкиев Бамтгирис.

Манкиев: «ХIирийн Iедалан а, Оьрсийчоьнан Iедалан а барт а болуш, йолийна конфликт ю иза. Дудаевн Iедал юкъагIортаре сатуьйсуш долийнера цара иза. Вайна дезаш а, вай долийна а дац хьуна иза. ГIалгIайн махка уьш чугIоьртича, чубахка бахьана оьшуш долийнера».

ХIирийн-гIалгIайн конфликтехь беллачеран сийнна аьлла, Пригородни кIоштахь хIоллам хIоттийна. «Дахаран некъ» аьлла цIе тиллина цухIолламна. Цо дагадоуьйту, Ассан чIожехула эзарнашкахь нах, кегий а, баккхий а, и дов иккхинчу хенахь муха дIабахнера шайн хIусамаш охьа а тесна. Тахана а уьш цIаберзаза бу.

ХIирийн агIоно ца лору оцу девнна шаьш бехке. Дуьххьара иза доладалар бахьана ду аьлла дийцира журналиста Фарниев Заура.

Фарниев: «АстIаьхьа теллина и гIуллакх. Уьш бара гIалгIайн цхьаболу къаной. Цара лесто долийра и гIуллакх, латтанаш юхадала дезий, 1944-чу шарахь хиллачу дозане дерза дезий бохуш. Церан къамелашка ладогIа нах а хиллера. Уьш оцу питанах тешна ара а бевлла, 31-чу буьйсана хилларг хилира».

ГIалгIайн юкъараллехь тахана а ерзаза чов йолуш лаьтташ ду Пригородни кIоштан хаттар. Мехкан коьрте веанчу цхьана а куьйгалхочо иза кхачам боллуш дерзош гIулч ца яьккхина боху Манкиев Бамтгирис.

Манкиев: «И мохк схьаба олуш цхьа а лидер хилла вац тхан. Москохара Iедалан а, хIирийн Iедалан а барт ма буй. Цаьрца барт болуш тхуна хьалхабевлла болу инарлаш а бу. Дерриге а иза ду-кх иза».

ХIирийн журналистана Фарниев Заурана гуш ду, гIалгIашца шайн хилла долу дов а, кхечу меттигашкахь а дерш а, цхьана гIуллакхна дерза а ца деш, цхьана ницкъаша латтош хилар. Цу хьокъехь иштта элира цо.

Фарниев: «Суна хаарехь, и гIуллакх тахана юха а лестош ду. Экономикехь хьал телхина мел хуьлу, юхьарлоцу иза. Нехан тидам оцу халонашна тIера баккха цул дика хIума дац, къамнийн хаттар айдар бен. И конфликташ цхьана агIор аьлча, цIе санна, дIа а ца йойъуш латтош ю леррина. Уьш ерзо йохучу гIулчаша мелхо а вониг до».

25 шо хьалха иккхинчу оцу девнна юкъахь вийна лоруш ву 600 сов стаг, шайна юкъахь 500 ца кхоччуш гIалгIа, 100 сов хIири волуш. 60 сов эзар гIалгIайн шайн дай баьхначу ярташкара бовда дезнера. Тахханалц схьаяхьа вовшашна йолу и оьгIазло,амма хIетте а, шина къоман хьекъал тоьу тахана а и экаме машар ларбан, эгIаза иза дикачу тIамал гIоле буйла хууш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG