Your browser doesn’t support HTML5
20-чу бIешерашкахь Лондонехь кхоьллинчу ПЕН-клуберчу яздархоша шайн гонашка озийра литераторш а, журналисташ а.
ПЕН-клубан декъашхоша цхьабарт а бина 30 шо хьалха юкъадаьккхина Дуьненаюкъара яздархойн де а.
ХIетахь дуьйнна, эзарнашкахь яздархоша, публицисташа, журналисташа дуьненан юкъараллашца цхьаьна а кхетий, балгалдоккху шайн де.
Дуьненаюкъарчу яздархойн ассоциацин - Оьрсийн Пен-центран декъашхо ву, халкъалахь ма-оллу «къолам буьххье къам а, мохк а тарбина», прозехь дуккха а а шерашкахь къахьоьгуш схьавог1у нохчийн яздархо-прозаик Бексултанов Муса.
Цо арахецна масех киншка: «Мархийн кIайн гIаргIулеш», «Юха кхана а, селхана санна», «Наггахь, сайн сагатделча», «Я хьан тухур буьйсанна хьан неI», «Сан вешин тIехьийза йоI».
Иштта Австрехь немцойн матте гочйина, араяьлла Бексултановн 3 жайна.
Ву иза Оьрсийчоьнан яздархойн а, журналистийн а декъашхо а.
Маршо Радионо интервью ийцира яздархочуьнгара Бексултанов Мусагара, дезачу денца иза декъал а веш.
Маршо Радио: Муса, хьо Нохчийчоьнан гоьваьлла яздархо ву. Ткъа ахь даим олуриг «суна суо яздархо ца хета». ХIунда ву хьо хьайца иштта критике?
Бексултанов: «Стага «со къонах ву» ма ца олу атта цхьанна а хьалха. Ша къонах велахь а ца олу. ХIунда аьлча, къонахчун дукъ доккха а ду, хала а ду... Иштта хIума хета-кх суна "со яздархо ву" алар а.
Цул а совнах, ас лорушболу кху дуьненчуьра нах буй, яздархой, масала, Сервантес хуьлда иза, Шекспир хуьлда иза, Достоевский хуьлда и, Толстой хуьлда иза, Бунин хуьлда иза, дуккха а бу-кх уьш, масала...
Суна суо цаьрца аьттехь а воций хаьа. Ас лелориг эцца цха кIезиг, кха ду. И бохург хIун ду аьлча, участок, огород ю. Ас лелориг цхьа кIезиг кха ду бохург ду сан и. Цара яккхий ойланаш кегийна, адамийн баккхий кхолламаш а…».
Маршо Радио: Киншкаш йоьшурш вайн махкахь кIезиг бу, тергамчийн хьесапца аьлча. ХIетте а, хала дуй хьуна яздан, кхана-лама, киншка араяьлча, ахь хьегначу къинах тIалам бийр ца хилча.
Бексултанов: «Бакъдерг эр ду-кх хьоьга. Ас хIокху 15-20 шарахь волчу дешархочунна аьлла цхьа къоллам хьокхур бацара, хIунда аьлча, хIара зама къам цхьа галморзахдаьлла зама ю.
Цхьа 50 шо даьлча, цхьа кхи чкъор догIур дац-те, мотт хIун ю а, мохк хIун ю а, къам хIун ю хууш, бохуш яздо-кх. Суна Iаламат чIогIа хала ду, хIара къам-къам ду ала а, тидам бича. Къам дуй-те хIара олий ойла хуьлу.
Къоман гIиллакхаш дац кхуьнца, и бохург хIун ду хьуна аьлча, шен мохк шен бер санна хеташ, шен къоман мотт шен доьзал санна хеташ хила деза къам. И тайпа къинхетаме бац нах.
ТIаккха ойла хуьлу, ас хьанна язйо-те олий. Делахь а, ас сайна яздо, кхана-лама хинволчу дешархочуьнга сатуьйсуш а яздо».
Маршо Радио: Тахана шун, яздархойн де ду! ХIинцца хьайга микрофон елча, хIун дара хьан ала яздархошка а, книгаш ешшал болчаьрга а?
Бексултанов: «Яздархочуьнга цхьа хIума эр дара ас: Iедалан низамашца шу яздан гIертахь, вай яздан гIертахь, вай ледара яздархой ду. Яздархо шен низамаш долуш хила веза, шен турпалхой болуш, шен пачхьалкх йолуш, шен къам долуш. И дерриге а яздахочун шен хила дезаш ду. ТIаккха бен хир вац цуьнах яздархо.
Нахе цхьа хIума а эр дара ас: сискал а яа, миллиардаш а лечкъаде, Мерседесаш а хехка, амма шайн мотт аш Iалаш ца бой, шуьца тIом бан ма ца оьшу, шу дайа а ма ца оьшу, шу ишта а хIаллакхир ма ду».