"Гоч" журнало Нохчийчохь яржайо дуьненан литература

"Гоч" журналан шолгIа арахецар.

"Гоч" журнал зорбане дала доладелла дукха хан яцахь а, цо хIинцале шен меттиг дIалаьцна нохчийн а, дуьненан а литература яржорехь. РогIера лоьмар араяьлла цуьнан. Журналан чулацамо дог Iабор ду, нохчийн маттахь керла йозанаш, жайнеш довза луучун.

Коьртаниг ду, журналехь зорба тухуш гIарабевлачеран а, ца бевзачеран белхаш хилар. Кху шолгIачу лоьмарехь еша таро ю нохчийн маттахь Лермонтовн а, Есенинан а, Цойн а, Хетагуров Костин а, Рожденственский Робертан а байташ а; Карамзинан а, Распен а, О. Генрин а, Горинан а проза а, иштта берийн литература а.

Журналан коьртачу редактора Петирова ПетIамата дуьйцу: "Хьалхарчу лоьмарехь хилла цхьацца гIалаташ тидаме а оьцуш, уьш дIанисдан гIиртина тхо кху лоьмарехь. Дагахьбаллам болуш дисина дара хьалхарчу лоьмарехь ингалсан а, немцойн а меттанашкара нохчийн матте гочдинарг цу меттанашкара схьа гочдина хилар оха билгалдина цахилар. ТIейогIучу лоьмаршкахь и кхачамбацарш дIа а дохуш, кхин дIа а болх бийр бу оха".

Кху зорбане яьллачу шолгIачу лоьмарехь гIеххьачул алсамбевлла гочдархой. Шена хазахетарца и хIума билгалделира боху коьртачу редактора Петирова ПетIамата: "Гочдархой оццул дукха буйла ца хаара суна. Хьалхарчу лоьмарехь гочдархойх хаамаш кхаа агIон тIехь хиллехь, кху шолгIачу лоьмарехь цара йиъ агIо дIалецира. Уьш алсамбовлуш хилар хазахета суна".

Дуьненан литература нохчашна йовзийтина а ца Iаш, вайн авторийн белхаш а кхечу меттанашка даха лерина ду "Гоч" журнал, аьлла кхин дIа а дийцира Петирова ПетIамата: "Iалашонаш-м ю вайн кхечу меттанашка уьш яха. Кхин гена ца долхахь а, оьрсийн матте йохур ю.Кхаа баттахь я эхашарахь цкъа, журналан тIетоьхна агIонаш хир ю".

Бовш бу аьлла буьйцу нохчийн мотт баржорехьа ондда болх бу «Гоч» журнало беш берг. Амма иза зорбане даларх ца тоьу, иза доьшуш ца хилча. Ешархойн къелла йолчух тера дац журналан. ХIора ара мел йолу лоьмар сихонца дIасайолу церан.