Кадыровна "кIелойар", кадыровхой украинхошца хийцар. КIиранан жамIаш

Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна йина а ца хилла кIело, велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхначу экс-сенаторо Арашуковс Кадыровга гечдар дехар, Мариуполера кадыровхоша дола дечу эчиган комбинатехь къоланаш дар, салташца цхьаьна дIасахийцина "Ахматан" эскархой, цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 86-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Your browser doesn’t support HTML5

Кадыров вен дагахь хилла аьлла шайггара долор | МАРШОНАН ПОДКАСТ #86

Wildberries: Кадыров Москва вахар, Кремлан гIортор, Нохчийчоьнна ахча, шайггара кIелойарх долор

Оьрсийчоьнан депутаташа вовшахтоха гӀоьртина хилла бохуш дуьйцу кIелойар Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шеггара кхоьллина хилла боху. "Новая газета. Европа" зорбанан гӀирсе дӀахьедина цунах лаьцна къайлахчу сервисийн республикехула йолчу урхаллехь лакхарчу даржехь волчу хьаькамо, шен цӀе ца йовзийтар а доьхуш. Карладоккху, кIелойан гӀоьртина бохуш дуьйцучух бахьана хилира Кадыровна Дагестанерчу сенаторна, миллиардерна Керимов Сулейманна а, Пачхьалкхан Думан шина депутатна а – Дагестанера Курбанов Ризванна а, ГIалгIайчуьра Барахоев Бекханна а чIир кхайкхор йу аьлла, кхерамаш тийса.

КХИН А ХЬАЖА: Шена кIело кечйеш хилла бохург шеггара долийна ду Кадыровс – "Новая газета Европа"

Хьосто дийцарехь, баккъалла а стаг вен гӀоьртинчу хьелашкахь Кадыровн а, цуьнан гонан а лелар даима цIеххьана хийцало, амма тӀаьххьарчу беттанашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун белхан къепеца цхьа а хийцамаш бац, йа цуьнан кхерамазалла а чӀагӀъйина йац.

"Вен кечлуш хилла" аьлла, кхоьллина верси Оьрсийчоьнан Wildberries маркетплейсан гонах хиллачу девнехь шен дуьхьалончаш дийцарш дан реза хилийтархьама дина ду аьлла, хьесап дина къайлахчу сервисийн белхахочо.

Доцца дагадоуьйту хиллачух лаьцна. Wildberries маркетплейс кхоьллинчех цхьаммо - Бакальчук Владислава гIо дехнера Кадыров Рамзане. Йоллу активаш шен долахь йолу хIусамнана Татьяна, шех дIакъаьстина ца Iаш, арахьара реклама йеш лелачу Russ операторх маркетплейс дIатоха дагахь йу, ткъа оцу компанин доладеш сенатор волчу Керимов Сулейманан уллора нах бу аьлла. Кадыровс дош делира "зуда доьзале йухайерзо" а, ши бизнес вовшах ца тохийта а – оцу тIехула кадыровхой а йукъахь болуш герзаш деттар хилира Wildberries-н офисехь. ГIалгIайчуьра шиъ хадархо вийра, Къилбаседа Кавказера кхаа республикина йукъара хьал телхира.

Your browser doesn’t support HTML5

ЧIир кхайкхош Кадыровн кхерамаш: Барахоевна а, Кремльна а хетарг

Кремль реза ца хилира маркетплейсан къийсамах а, Кадыровс динчу дӀахьедарх а лаьцна комментарий йан, чIир хьейеш цо бина кхайкхам стагана вен кхерамаш тийсар аьллачу бехкзуламан кодексан артиклца догIуш доллушехь. Мухха делахь а, нагахь санна йуьхьанца "кавказхойн тукхамийн тӀамехь" Москвано муьлха агӀо лоцур йу хууш ца хиллехь а, хӀинца, хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун аьтто баьлла шена гӀортор йайта – цуьнан ка йелира хьал президентаца Путин Владимирца дийцаре дан, дIахьедира «Дождь» телеканалан журналисто Таратута Юлияс, цӀе ца йоккхучу шен хьостанна тӀе а тевжаш.

Лач цунна тоьшалла до иштта Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн президент официалан Iалашонца Москва веача, цу цхьанакхетарехь дакъалаца Кадыров Рамзан Москва вахаро а. ГIадужу-беттан 20-чохь хилира цхьанакхетар. Циггахь Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочуьнца Вайно Антонца а хилира цуьнан цхьанакхетар. Republic сайтан зерашца, Wildberries маркетплейс Russ компаница дIатухуш гIо динчех ву иза. Шайн цхьанакхетар "чIогIа чулацам болуш" дара элира Кадыровс, "чолхе хеттарш луьстуш мел оьшу накъосталла дийр долуш ву" Вайно Нохчийчоьнна бохура, билгал ца даьккхира, дуьйцурш муьлха хеттарш ду.

Оццу дийнахь пачхьалкхан «Грозный-Информ» агенталлин сайтехь хаам гучубелира, Путинан тIедилларца Нохчийчоьнна цхьа миллиард ахмиллиард ахча лур ду "социалан-экономикан кхиорна" аьлла. И ахча стенна хьажор ду, ала хала ду – «Проект» гIирсан журналисташа къасторца, бюджетан ахча республикехь Кадыровн доьзалийн хьашташна лерина кара схьа оьцуш ду.

Арашуковн дехар а, керла гIуллакх а

Шен деца Раульца цхьаьна «Ӏаьржа дельфин» колонехь хан токхуш волчу, Кхарачой-Чергазийчоьнан цIарах сенатор хиллачу Арашуков Рауфан инстаграмехь пост гучуйелира Кадыров Рамзане орца доьхуш а, цуьнга гечдар доьхуш а.

Цу тӀехь Арашуковс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга "хьомсара воккхаха волу ваша" олу, цуьнга "гечдар доьху мел дийлинчу гӀалаташна". Сенатор лаьттинчо шена а, шен доьзална а гӀо даре кхойкху, хӀунда аьлча, "хӀинцалерчу хьолехь" цу гӀуллакхан ницкъ кхочуш Кадыров бен вац. ХӀун бахьана дара къинтIера ваккха а, АрашуковгӀарна гӀо стенна оьшу а, цкъачунна хууш дац.

"Айса, сайн куьйга йаздина ас хIара, адвокатехула зорбане даккха дIа а дахьийтина. Гечдар дехарх а, кхайкхам баран бахьанех а дерг аьлча – и тхан тхешан гIуллакх ду, кхузахь вониг хIуммаъ а ца го суна, стаг галваьллехь, шегара гIалат даларна а цо къурд аьллехь, шена гергара хетачу стаге аьллехь муххале а", - иштта адвокатехула жоп делла сенатор хиллачу Арашуковс РБК сайтан белхахойн хеттаршна.

Your browser doesn’t support HTML5

Нах байарна валлалц чохь йаккха хан тоьхна "Единая Россия" партин цIарах экс-сенаторна Арашуковна

Арашуков Рауф а, Кадыров Рамзан а 2007-чу шарахь дуьйна доттагӀалла долуш вара, ткъа цо, Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьалхататтар бахьана долуш, исс шо даьлча Федерацин Кхеташонехь дарж дӀалецира, йаздинера РБК агенталло. Амма тӀаьхьо гучуделира, Арашуков-жимахверг гIоьртина хиллера Росавтодоран урхаллан куьйгалхо, Кадыровн гергара стаг Лечхаджиев Руслан дӀаваккхийта, цу дарже шен стаг хӀотторхьама. Цунна лерина сенаторо организацина талламбан нах бахийтира– ткъа цу тIехь чекхделира Оьрсийчуьра шина къоначу политикан доттагӀалла.

АрашуковгIара шайна динчу таIзарна Лакхарчу кхелехь латкъам бан кIира дисинчу хенахь бина хиллера Кадыровга кхайкхам. Массарна а хьалха оцу постана цкъачунна жоп делла дац Нохчийчоьнан куьйгалхочо. ГIадужу-беттан 23-чохь хинйолу кхеташо эххар а дIатеттира 28-чу дйине.

2019-чу шарахь туьйхира Арашуков Рауфна а, Раульна а велла дIаваллалц набахтехь такха хенаш. Уьш бехкебинера ши адам дерна а, стагана йеттарна а, бюджетан ахча дайъарна а, зуламхойн тоба вовшахтохарна а.

КХИН А ХЬАЖА: Низамехь доцург бакъдар? Стенна оьшу Кадыровна тутмакхаш харжа белхан тоба

Хетарехь, гIо дехар хьакхалуш хила тарло гечдарх а, Украинана дуьхьал тIом бан хьажорах а – кхечу колонешкахь долчуьнга хьаьжча, белла дIабовллалц чохь бахкочарлахь тIамтIе вербовка йина йац хIинццалц схьа. Тхан редакцига и хьал девзачу къайлахчу хьосто дийцарехь, кеп-кепарчу мессенджерашкахула Арашуковн го бу хIокху масех баттахь дуьйцуш, лаамхой олучех лаьтта дийнна дакъа вовшахтоха а, царна оьшург латтон а чот йу экс-сенаторан бохуш. Оцу агIор Кадыров оьшуш ву, велла дIаваллалц чохь йаккха хан тоьхначунна гечдайта, иза тIамтIе вохуьйтуш президенте Путине сацам тIеэцийта, аьлла хета Кавказан къаьмнийн Ассамблейн куьйгалхочунна Кутаев Русланна.

Шен дагахь дерг кхочушдан аьтто бер буй-те Арашуков Рауфан, ала хало ду, инстаграмехь пост хIоттийначул тIаьхьа кхаъ эцарна аьлла, цунна дуьхьал керла бехктакхаман гIуллакх даьккхина хилар а лерича. Оцу гIуллакхехь цуьнан адвокатах а йу шеконаш. Официалан версица, колонин белхахочунна юристехула ахча делла боху Арашуковс, «Iаьржа дельфинехь» бакъонаш шорйан дагахь, масала шен гергара нах кест-кеста гайта, шеца камери чохь вита луу стаг шега харжийта а.

База телеграм-канало бинчу хаамца, дуьйцург ду кхо миллион сом. ХӀинца, велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан тохарал совнаха, доккха гӀуда а тIедожо тарло сенатор хиллачунна, йа бархI шарна тIера 15 шаре кхаччалц хан.

Мариуполера комбинат

Кадыров Рамзанан бIанакъосташа Мариуполера Ильичан цIарахчу эчиган комбинатехь къоланаш до, цунна тIехь урхалла дан бакъо шайга йелча дуьйна. Цунах лаьцна йаздо америкахойн газето, документашна а, Ӏедалхойн а, куьйгалхойн а, совдегарийн а тоьшаллашна тӀе а тевжаш.

Журналистийн хаамашца, завод хӀинцале а йаьлла 220 миллион доллар мах болу ша арахоьцучу линих – иза Оьрсийчу хьажийна, бӀеннаш эзарнаш тоннаш эчиг йуха кечден гIирс а санна. Оьрсийчоьно дӀалаьцначу Мариуполь гIалин украинхойн мэро Бойченко Вадима бинчу хаамца, кадыровхоша хӀинцале а йоьхкина контейнерш а, кӀора а, индустрин газаш а – газ оьцучарна юкъахь йу, масала, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Роскосмос корпораци.

КХИН А ХЬАЖА: ТIелетаран экономика: Украинан схьадаьхначу латтанаш тIехь Кадыровн наха бизнес йарх

Пачхьалкхан и дакъа Оьрсийчоьнан эскаран карадахначул тIаьхьа стохка аьхка Нохчийчоьнан куьйгалочун гонна кхечира Украинера уггар а йаккхийчех йолу комбинат. Цкъа хьалха оцу комбинатан долахойх вара Корчагин Валид, нохчийн сенаторан Геремеев Сулейманан вешин кӀант ву иза. Цул тӀаьхьа 50% дакъа дӀаделира Дадашов Iалаше. Иза ву Москварчу "Ахмат" латархойн клубан куьйгалхо, журналисташа дийцарехь, Нохчийчоьнан Ӏедалан вице-премьерца Висмурадов Абузайдца а, хьалха хьахийначу сенаторца Геремеевца а, Пачхьалкхан Думин республикера депутат волчу Делимханов Адамца а воьзна.

КХИН А ХЬАЖА: Мариуполера комбинатера эчиг, кIора, газаш арайохуш бу кадыровхой - WSJ

Редакцица хиллачу къамелехь политолого Преображенский Ивана ма-дийццара, Путин Владимирна муьтIахь хиларна Кадыровна дина совгIат ду Мариуполера комбинат. Завода чу воьддучохь дIатоьхна баннер йу, цу тIехь ду Оьрсийчоьнан президентан а, сепаратистийн лоручу «ДНР-н» куьйгалхочун Пушилин Денисан а, Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан а суьрташ. Царна бухахь йоза ду «Ахмат-сила!»

Йийсархойн хийцарш

Оьрсийчоьнна а, Украинана а йукъахь хийцарш хилла "95-х 95" аьллачу формулехула. Оьрсийчу йухабаьхкинчех доккхаха долу дакъа - салтий бу, Курскан кIошта чубаьхкинчу хенахь карабахна болу. "Ваха лаьа" украинхойн проекто йаржийначу видео тIехь, мел лахара а, 22 стаг ву. Уьш бу Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а салтий. Царлахь ишта нисбелла нохчийн «Ахмат» тобанера виъ эскархо а.

Вуьйцург ву 22 шераш долу Масхабов Акраман а, Амашаев Мохьмад а, 30 шо долу Махмудов Руслан а, 28 шо долу Тааев Сайд-Хьамзат а- уьш берриш а «Ахмат-Нохчийчоь» полкехь хилла бу.

22 шо долу Амашаев Мохьмад – Дагестанера вахархо ву. Хийцарийн видео тIехь цо дийцира, 2022-чу шарахь вовшахтоьхначу нохчийн «Север-Ахмат» декъехь ша гIуллакх деш вара аьлла. Ша цу йукъа муха кхаьчна вара, ца дийцира цо.

КХИН А ХЬАЖА: Хийцина "Ахматан" виъ эскархо Оьрсийчу кхачийна – хьалхо Алаудиновс даха бакъо йац шуна аьллера цаьрга

Курскан кӀоштахь Украинан эскарша операци дӀайаьхьначул тӀаьхьа нохчийн Ӏедалша харцдира лецначарна юкъахь «Ахматера» эскархой хилар. Амма тӀаьхьо, изза цӀе йолчу спецназан буьйранча Алаудинов Апти декхаре хилира цунна къера хила. Йийсаре лацийтарна цаьргара йуьхь йаьккхина ца Iаш, цо дIакхайкхийра "хIуъа дай а шаьш дайъийта", аьлла. Шайн лаамехь карабахнарш йийсарера баха гIуллакх дац элира цо.

Цундела хала ду ала, хийцинчул тIаьхьа кхин дIа стенга сатуьйсийла йу Нохчийчуьра а, Дагестанера а меттигерачу бахархойн. Амма Кавказан къаьмнийн ассамблейн куьйгалхочо Кутаев Руслана тхан редакцица динчу къамелехь мукӀарло дира, царна дика болх хир бу аьлла, ца хета шена.

"Суна ца хета, цхьа дика хӀума царна хир ду аьлла. Бакъдерг аьлча, со цецволу, шаьш хийца а хийцийтина, уьш Оьрсийчу йухабаха реза хиларх. Амма бакъду, уьш дуьхьал бевллехь а, царна балане доьрзур дара и гIуллакх, церан гергарчу нехан дахарна тӀеӀаткъам бан мегара. Цундела вуно хала тIаьхье хир йу церан. Вуьшта аьлча, тIамтIе бахийта нах оьшу царна, тарло уьш йуха а тIамтIе дӀахьийсон, цара ма-аллара, «передоке». Ткъа уьш [хийцина берш], дийна биса йиш йоцчу метте дIахIиттон тарло. Церан тIаьхьало чIогIа вон хир йу аьлла хета суна", - дийцира Кутаевс.

Йийсаре лецначу Нохчийчуьра эскархошна бехкаш дахкар дуьххьара дац. Стохка охан-баттахь мехкан куьйгалхочо бехкбаьккхира «Север-Ахмат» полкан веа белхахочьунгара, "кхачам боллуш кечвелла цахиларна". Эскархой декхаре хилира шаьш йийсаре лацарна гечдар деха, цара дош делира, шаьш тIамтIе йуха гIур ду, тIамах кхераделла ца хилллий дIахаийта аьлла. Стенгахь бу и эскархой, йа дийна а буй уьш, хууш дац.

КХИН А ХЬАЖА: ТӀом оьший нохчашна? Украинера эскарш арадахарехьа бу республикера бахархой

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: