Чиллан-баттахь Нохчийчохь, террорхойшца зIенехь а хилла, талор дан гIерташ вара, аьлла нуьцкъаллийн структурийн белхахоша вийра Швецерчу Iедалша политикан тховкIело а ца луш, цIахьажийна цхьа жимстаг. И гIардаьллачул тIаьхьа шайгара даьллачу гIалатна къера хилла Швецера мигрантийн хьукмат.
Дахначу кIиранах немцойн Бундестаган депутат Веллман Карл-Герог Москох чу а ца вуьтуш, юхаверзор бахьана долуш гучуделира, Кремло кхин а везткъе исс 89 Малхбузера политик Оьрсийчу вар дихкинчийн могIаршка яззвина хилар. И бахьана долуш Евроберто дера критика йо Кремлна.
Норвегехь Барнаварн боху дош хезча, хIора а аьлча санна дена-нанна хорш йогIу хьал хIутту, цигахь бехачу вайнаха дийцарехь. Берашна Iуналла даран а, церан кхерамазалла ларйаран а хьукмат йолу и Барнаварн доьзалшкахь берийн а, кхиазхойн а бакъонаш ларйеш ю я яц терго еш ю.
Оьрсийчоьнний, Катарний футболан дуьненан чемпионаташ дIаяхьа бакъо ялар кхаьънашца доьзна хилла бохучу шеконашца футболан дуьненан масех лаккхара куьйгалхо лаьцна Швейцарехь.
Оьрсийчоьнан дозанан хьукмато юхаверзийна Меркел Ангелин хьехамча волу немцойн депутат, шайн махка вар деа шарана цунна дехка а доьхкуш.
Венехь дIабирзинчу Еврогайтам цIе йолчу эшаршлакхархойн къовсаман жамIаш тайп-тайпана го Оьрсийчуьрчу а, Малхбузерчу а тергамхошна.
Европехь бехачу нохчашлахь кест-кеста даьржа, цхьацца доьзалшкара бераш дIадаьхна боху хабар. Къаьстина, Норвегера берашна тIехь тергояран хьукмат ю гIараяьлла. Дукха хан йоццуш рогIерчу нохчийн доьзалх а хьакхабелла и сингаттам.
Кхушарлера "Евровидени" – йишлакхархойн къовсам бу дIабоьдуш Австрехь.
Эзарнашкахь легала боцу мухIажарш хIурдахула Евробертан пахьалкхашкахь схьаэхаро холчу хIоттийна Европа цу балина дуьхьало ян некъаш лоьхуш ю. Оршот дийнахь Цхьаьнакхеттачу Европин арахьарчу гIуллакхийн министраш бинчу бартаца, мухIажарш лелочу хIурдакеманашна тIеман ницкъаца дуьхьало йийр.
Чехехь чекхъяьллачу хоккейн дуьненан чемпионатан финалехь вовшашца къовсалуш яра Канада а, Оьрсийчоь а. 6-1 чоьтаца эшийначу оьрсаша, канадхошна совгIаташ далалц са ца тухуш, цу пачхьалкхан гимн а лакхале а дIатесира хоккейн майда. Спортан гIиллакхца ца йогIучу оцу демаршо цецдаьккхина дуьне.
20I3-чу шарахь Бостонерчу марафонехь эккхийтар дарна бехке леринчу Царнаев ДжовхIарна хIун таIзар дан догIу кхастош бара тIаьхьарчу кхаа дийнахь бехккъасторхой. ПIераскана буса цара шайн сацам бовзийтина – 21 шо долу Царнаев вен вогIу аьлла.
Iамеркарчу Бостонехь йоьдучу кхелехь шинарийн сарахь Царнаев ЖовхIарна дан догIу таIзар билгалдоккхуш бу бехккъасторхой. 21 шо долу жимастаг бехкево 2012-чу шарахь оцу гIалин марафонехь маьршачу нахана дуьхьал терроран эккхийтар дарна.
Шинарийдийнахь Сочехь Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца а, арахьарчу гIуллакхийн министраца Лавров Сергейца а цхьаьнакхийтира Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон.
Масcех кIира хьалха Атлантикан тIеман альянсан (НАТО) векалша дIахьединера, шен Брюсселерчу коьртачу офисехь болх бечу Оьрсийчоьнан делегацех ах сов шпионалла лелош гечуваьлла шайна аьлла. ХIинца оцу оьрсийн айкханчех шен кхерч цIанбан болийна Къилбаседа Атлантикан альянсо.
Цкъа а ца хиллачу кепара харжаш а еш, керла техника урамашка а йоккхуш, дIабаьхьна Москох Дуьненан ШолгIа тIом бирзина 70 шо кхочуш хIоттийна кхушарлера тIеман гайтам. Путина шен пачхьалкхан т1еман ницкъ цу кепара гайтар ларамза дац аьлла хета Малхбузерчу тергамхошна.
Малхбузерчу Европехь бехачу нохчашна юкъахь дуккха а бу тайп-тайпана керла говзаллаш а Iамийна, нахана а, шайна а пайдехь къахоьгу нах. Амма наггахь бен ца нисло царна юккъехь Венера месаштойархо Успаева Лиза санна дуккха нахана бевзаш а, адамашца хаза мотт карош а говзанчаш.
ШолгIа дуьненан тIом чекхбаьлла де лоруш ду Малхбузерчу Европехь Стигалкъекъа-беттан 8-гIа ду. Цу дийнахь цара ца йоь гIовгIане парадаш а, моттаргIанийн дезаден акцеш а. Европерчу наха дагалоцу шайн цу тIамехь кхелхина гергарнаш, махкахой.
Олимпикан ловзарш, футболан дуьненан чемпионат, хоккейхь дуьненаюкъара къовсамаш – и спортхойн кхиамаш билгалбоху хиламаш даима а ца хиллехь а, амма тIаьхьарчу бIешарахь, мел кIезга а, политикца гергара уьйраш йолуш а, политиках бозуш а хилла.
Бегаш шеца боцу нохчо хала ду нохчо ву ала а. Мел хала сахьт тIехIоьттинчохь а ца къаьста иза забарх. Дахарехь тIех стешха, тIех вулавелла шогачу бакъдолчун куьзгана хьежаро сиха тишвойла а хууш. Европерчу нохчийн мухIажирийн дуьненахь кхолладелла забаре дийцарш довзуьйту Маршо Радионо.
Шерашкахь Оьрсийчоьнний, Европиний юккъера визанийн режим аттачу йоккхур ю бохуш дийцинера Кремлан векалша. Амма аттадоккхучу метта кхин а цхьа керла хало юкъаяккхина Евробертан куьйгалло Оьрсийчуьрчу нахана – Шенген виза езачо шен пIелгийн лараш дIаяла езар ю кехаташца цхьаьна.
Хьажа кхин дIа а