Украинерчу тIамехь Гуьмсан кIоштара вийна верриг 51 стаг, дIахьедина меттигерчу Iедалша. Царна массарна а “Нохчийчоьнан турпалхочун” цIераш йелла. Махкара беллачех буьззина хаамаш бац – хьаькамаша уьш къайлахьо.
Украинехьа тIемаш бечу Ичкерин агIончаша дIахьедина Оьрсийчоьнан дозана тIехь "диверсин операцеш" йолорах. Оьрсийчоьнан дозана тIе шаьш довларх зазадокху-беттан 12-чохь дIахьедира Украинехьа тIемаш бечу "оьрсийн лаамхойн корпусо" а, "Сибирера батальоно" а.
Нохчийчоьнан Iедалхоша Украинерчу тIамана 31 млрд сов сом доьхкина - и терахь далийра зазадоккху-беттан 6-хь мехкан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. Цо бахарехь, и ахча Кадыров Ахьмадан фондера дайъина. Стенгара долу Кадыровн фондана тIамана ахча – хууш дац, цо нийса хаамаш ца барна.
Къилба-ХIирийчоьнан бахархойн йуьхьйаьхна, бераша забаре видео йаккхарна –мобилизацица долу хьал беламе доккху роликехь. Видео йаржийначул тIаьхьа кхиазхошна кхерамаш тийсира, ткъа полицино талламаш болийра. Къилба-ХIирийчуьра мобилизаци йинчара хьалхо латкъамаш бира герз а, барзакъ а дац бохуш.
Путинан хьалха могIарера Ставрополан вахархо волуш санна кеп хIоттийна спецназхочо, журналисташна гучудаьлла и. Президент махкахошца цхьаьна кхеттачехь «къайлах лела» масех лерринчу сервисийн белхахо хила тарло.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун накъостана Висмурадов Абузайдана тIеман инарла-майоран чин делла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. 2021-чу шарахь ЛГБТК+ нахана тIаьхьаваьлла леларна Евроберто санкцеш йаьхна Висмурадовна дуьхьал.
Карабулакехь нах бехачу меттигехь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша 12 сахьтехь тIом бина. Официалан хаамашца, йалх стаг вийна, ницкъахошлахь а, къайлахчу сервисаша чIагIдарца, байъинарш бехке хилла терроризмана; царех кхоъ лоьхуш хилла 2023-чу шеран бIаьста полисхошна тIелатарна.
КъорIан дагийна аьлла бехкевинчу 20 шо долу Журавель Никитина кхо шо а, йалх бутт хан тоьхна. Версина тоьшаллаш далийна дац, низам дохон Журавель тIеозийнарг мила ву а– къаьстина дац. Цуьнга бехк тIелацийтина, хетарехь, тIехь ницкъ бина, дIахьедира бакъонашларйархоша.
ГIалгIайчоьнан йозуш йоцу пачхьалкх кхолла бакъо хиларх дIахьедина Украинан Лакхарчу Радо. Цу кепара сацам тIеэцна чиллан-беттан 23-хь нохчий а, гIалгIай а Сталина махках баьхна 80-шо кхочуш.
Маре йахначул тIаьхьа, денцIа хьажа-хIотта йеанчуьра махках йаьккхира МахкатIера Мамуева Сано. Цунна цкъа а дицлур дац, ша керлачу доьзалх йаккхар, хийрачу махкахь текхна бала, шех заьIапхо йар, бехк боцуш набахтехь даккхийтина бархI шо а.
"Ахмат" спецназан командир Алаудинов Аптин дов даьлла "Русич" тобанан йуккъерчу националисташца. Бахьана дара берийн "Ахмат" йукъаралла кхолла Iалашо хилар. Украинерчу тIамехь дакъа лацарна "Русична" а, Алаудиновна а дуьхьал йаьхна санкцеш йу.
Хьажа кхин дIа а