Нохчийчохь хIинца а вовшахбетта Украинана дуьхьал тIом бан хьийсон «лаамхой». Меттигера бахархой нуьцкъах тIаме хьийсабо къаьркъа мийларна а, наркотикаш лелорна а аьлла дIахьедира бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара.
Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам «тикток-эскаршца» хьахор «Википедера» дIадаккха гIиртина. Ишта аьллера кадыровхойх цара «тIамехь» дакъалоцу бохуш, кеп хIиттош видеош йахарна.долу и йоза дIадаккха.
"Крокусехь" теракт йинчул тIаьхьа кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а мигранташ толлу рогIера рейдаш дIайаьхьна Кубанехь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь, Къилбаседа ХIирийчохь, кхечу мехкашкахь а хилла. Оьрсийчоьнан паспорташ делла тIевеъначу 150 стеган кара кехаташ делла комендатуре тIекхойкхуш.
Кадыровхоша Санкт-Петербургехь 26 шо долу нохчийн йоI Сулейманова Седа лачкъийначул тIаьхьа гIуллакх долийна стаг вер аьллачу Iедалан къепехула, къастийна кризисан "СК SOS" центран белхахоша. ЙоьIан гергарчара дIахьедина, иза йуха а цIера йеддера – оцу тIехула полицига хаам ца бинера шаьш аьлла.
ЧВК "Вагнеран" хилла кхо эзар йолахой "Ахмат" спецназе сехьабовларх дIахьедина нохчийн декъан командиро Алаудинов Аптис. Киевн хаамашца, «Ахмат» спецназ а, ЧВК «Вагнер» а гунахь йу Украинехь маьрша нах байъарна.
ГIийла бохкучу йуьртахоша туьканашкахь летийна декхарш дIало аьлла хьаькамашна тIедожийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Джалкхера «декхарийн тептарш» дIакъовлуш Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондера ахча делла. Оцу йукъанна Маршо Радионо дийцира оцу фонде бертаза ахчанаш дахкийтарх.
Дагестанехь а, Къилба-ХIирийчохь а белхан мигранташ толлуш, лоьцуш хиларна нехийн баьрзнаш гулделла. ХIинжа-ГIалахь нехийн оьланаш IаьIна даххаш дIакхоьхьу компанин белхалой «дIалецча». Нехаш дIайахьарца проблемаш хилира Москварчу «Крокус Сити Холлехь» теракт йинчул тIаьхьа рейдаш йолорна.
Подмосковьера «Крокус Сити Холлехь» теракт хиллачул тIаьхьа лаьцна хилла Нохчийчуьра Успанов Асхьаб велла полицин декъехь. ТIечIагIбазчу хаамашца иза велла тIехь къизаллаш лелийначул тIаьхьа. Успанов валарх тоьшалла дина Маршо Радио-на СПАРК системехь.
Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша дIахьедина Дагестанехь теракт кечйеш хиларна шеконашца кхо стаг лаьцна аьлла. ФСБ-но чIагIо йарехь, бехкехетарш дуьххьалдIа боьзна бу бохура "Крокус Сити Холлехь" динчу тIелатарца.
"Исламан пачхьалкхан" тобанан афганхойн гарано жоьпалла шайна тIелаьцна Подмосковьера "Крокус Сити Холл" концерташ хIитточу хIусамехь теракт йинчул тIаьхьа, тIеман аналитикаша а, политологаша а дIахьедира, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн аьтто бохарх.
Украинерчу тIамехь Гуьмсан кIоштара вийна верриг 51 стаг, дIахьедина меттигерчу Iедалша. Царна массарна а “Нохчийчоьнан турпалхочун” цIераш йелла. Махкара беллачех буьззина хаамаш бац – хьаькамаша уьш къайлахьо.
Хьажа кхин дIа а