ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маситта тобане бекъабелла Европера нохчий


И декъадалар политикан а, динан а тIегIанашна тIехь дIадоьдуш ду. Нохчийчоь Оьрсийчоьнах йозуш йоцуш хила еза аьлла хеташ, Ичкери пачхьалкхан байракхна кIелахь лаьтташ берш бу цхьана тобанехь. Йозуш йоцу пачхьалкх оьшуш яц, йоллу Кавказ а, доллу бусалба уммат а динна тIехь гул а делла, бусалба пачхьалкхене гIерта деза аьлла хеташ кхин тоба ю.

Оьрсийчоьнан Нохчийчуьра Iедал къобал а деш, цу Iедалан Европера векалш санна шаьш лоруш, церан цIарах лелаш кхозлагIа тоба ю. Ткъа я уьш, я вуьш, я кхозлагIниш тIе ца оьшуш, тхьо цхьанца а дац, бохуш, ка ма доллу политиках ца хьакхабала гIерташ юьстах севцначу нахах лаьтташ ю кхин йоьалгIа тоба а. И къестам политикан тIегIанна тIехь берг бу.

Цунах дозуш а доцуш, ша къаьстина дIадоьдуш ду динна тIехь долу декъадалар. Шаьш тIарикъатан некъа тIехь лоруш болу Хьаьжин мурдаш цхьана агIор, шаьш сийдолчу салафийн некъа тIехь лоруш болу, халкъалахь шайх вахабиташ олуш болу консервативан бусалбанаш вукху агIор, цул сов, хьабашин идеологина тIехь, йовмал къиямат тIедаллалца бусалбанна, керистанна юккьехь тIом хир бу, бакъболу бусалбанаш гIазотехь хила беза боху тоба, иштта дIа масех кхин а.

Масалина аьлча, цхьана Венехь масех нохчийн маьждиг ду. Цу маьждигех цхьаъ салафитийн маьждиг ларлуш ду, важа хьажин мурдийн, ткъа кхин цхьаъ ду, цхьана нехан петарахь дина а долуш, наха шайх хабашиташ а, амма цара шаьш шайх цIена дин лелориш олу нах вовшахкхеташ дерг.

Стенца доьзна ду жимчу нохчийн къоман цхьа дакъа бен доцу Европера нохчийн сел дукхачу, вовшашна бIостанечу хьежамашна тIехь лаьттачу тобанашка декъадалар?

Францехь вехачу юкъараллин жигархочунна, Ниццерчу маьждиган имам волчу Магомадов Рамзанна хетарехь, тIемаш а, кхин болу баккхий юкъараллин бохамаш лайначу халкъашца хуьлуш хIума ду тахана нохчийн къомо ловш дерг а. Делахь а, тIаьхьарчу хенахь гуттар хаалуш бу цунна вайнехан вовшех тешам байна хиларан барамаш.

Магомадов Рамзан: „ТIаьхьарчу хенахь мостагIчо вайна юккъе тисина йолу бес-бесара идеяш бахьана долуш ду вайн декъадалар. Со вайн къомаца болх беш волу 20 шо сов хан ю, тIаьхьарчу хенахь чIогIа тешам байна го суна вайн вовшех, хьо цхьаъ дан гIерташ хилча хьо хьанна болх беш ву-те боху хаттар хуьлу нахех.

Масех тоба гучуйолу кху Европера нохчашка хьаьжча: йозуш йоцу пачхьалкхе езаш берш а, гIаскхийн Iедална муьтIахь берш, тхуна политика ца еза, тхо политикана юккъегIертар дац бохуш берш. Амма политикана юккъе гIертар дац бохург а ма юй цхьа политика а, цхьа тоба ма хуьлий царах а. ХIораммо а шайн принцип тIеяккха а ца гIерташ, кхечо бохург хIун ду -те аьлла ойла еш вай хилча вайн цхьа барт хир бара“.

Ичкери пачхьалкхан Австрерчу векална Никархо ИбрахIимна хетарехь, нохчий бекъабалар ларамза хилла дац, цу бекъабаларан авторш а, дай а бу, даккхийн зенаш а деш, ахчанаш а, ницкъаш а ца кхоош дIахьош программа ю нохчийн вовшашлахь барт бохорхьама.

Никархо ИбрахIим: „ЦIера хьал вай тергал дича, вайна го цигахь мел даккхий ахчанаш духкуш ду, артисташ бахкош а, гIишлош юттуш а, маьждигаш деш а, адамийн ойла шайна тIеерзон гIерташ. Ткъа цIахь и дерриге а дан а деш, кхузахь аренца болу нохчий хье ца беш буьтур бу бохург суна логикца догIуш хIума ца хета.

Лерина программаш ю нохчашна тIехь болх беш. Масала, динца бала болчу нахана тIехь болх бо интернетехь, оьрсийн Iедалца дог-ойла йолчаьрца шайца цхьа кхин болх бо. И дерриге шаьш шайх дIайоьлхуш процессаш яц“.

Магомадов Рамзанна хетарехь, нохчийн къам ша долчулла массийтаза алсамох делахь лан аттох хир дара къоман тобанашка декъадалар, амма сел жимчу къомана боккха бохам бу адам сел вовшех къехкаш хилар а, тобанашка декъаделла хилар а.

Магомадов Рамзан „Динца аьлча шайн цхьа джамаIаташ, цхьа тобанаш а йина къаьстина ду адамаш, политикехь шайн-шайн партеш а йина дIасадевлла. Партеш а, тобанаш адамийн исторехь даима а хилла ю, амма вай дукха дац, вайна массарна а юккхехь гергарлонаш а, захалонаш а ду. Вай кIеззиг хиларе хьаьжча вайн дукха декъаделла. Вай 20 миллион а, 40 миллион а хилча иштта хала хир дацара иза, амма вайн кIеззиг хиларна боккха бохам бу иза

Нохчийн къам шен кхиаран карарчу муьрехь вуно чIогIа декъаделла хилар дукхахчу адамашна чIогIа сингаттаме хилам санна го. Цхьаболчарна хетарехь, нохчийн къомалахь барт бохар кхин дIа мел долчу цу къоманна тIехIиттинчу баланийн бахьана ду. Амма бу иштта цу барт бохарх а, декъадаларх а нохчийн къам керлачу зеделлачуьнца, керлачу кхетамца арадер ду аьлла хеташ берш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG