ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров а, ХЬАМАС а, КъурIан дагоран гIуллакхера нохчийн 13 имам а. КIиранан жамIаш


Палестинхой бу Израило дечу тохарех шайн хIусамаш йитина бовдуш, гIадужу-беттан 13 де
Палестинхой бу Израило дечу тохарех шайн хIусамаш йитина бовдуш, гIадужу-беттан 13 де

Израилна, ХЬАМАС-на йуккъерчу т1амах Кадыровс д1ахьедар, Къур1ан дагорна лаьцначун г1уллакхера керланаш, Хорватехь биссина нохчийн мух1ажарш – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 32-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Кадыров а, ХЬАМАС а

Радикалан ХАМАС тобано Израилан дозанна т1елатар дича, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана д1ахьедина, «ша массо а аг1ор Палестинехьа ву" аьлла. Т1аьхьарчу иттанаш шерашкахь хиллачех уггар йоккха конфликт йолайелира г1адужу-беттан 7-хь, т1емалоша маьршачу наханна герзаш деттара, закъалте а лийцара уьш. Израило д1ахьедира, шаьш т1еман хьолехь ду аьлла, эскаро ХАМАС-ан куьйга к1елахь йолчу Г1азза декъанна т1е тохарш деш ду – цара бахарехь, ХАМАС-н объекташна т1е. Оцу тохарш бахьанехь, ООН-н г1адужу-беттан 12-хь болчу хаамашца, мел к1езга а 1100 палестинхо вийна, Г1аза декъера шайн х1усамаш д1атаса дезна 300 эзар меттигерчу вахархочун. Израилехь ХЬАМАС-о динчу т1елатарх велира 1200 стаг, 150 кхачалц израилхо закъалтехь латтош ву, царлахь зударий, бераш ду боху.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Израилера т1амах комментари йира, иза болабелла кхоалг1ачу дийнахь, г1адужу-беттан 9-хь. Цул хьалха зорбанашкахь хаам баьржира, Иерусалиман гергахь йолчу израилхойн Абу-Гош йуьртара Кадыров Ахьмадан ц1арх маьждигна улле ХАМАС-о ракетан тохарш дина аьлла. 2014-чу шарахь иза схьадоьллуш цига веара ша Кадыров Рамзан. Керлачу т1амах лаьцна вист хуьлуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо ХАМАС хьахош йац, амма д1ахьедо цо, ша «массо а аг1ор Палестино дийриг къобалдеш ву" аьлла. Иштта бехк боккху цо «бусалбачу мехкашкара", «шайн нахах дош ала уьш кхерарна", йемалдо Г1аззан декъана т1е тохарш дар а, дуьйцу, иккхина конфликт "дуьне мел ду йаржа кхерам бу" бохуш:

"Т1аккха вай дийриг х1ун ду? Ламаз дан кхоьру вай, ур-атталла дош ала кхоьру вай. Цаьрца т1ом бина бусулбанаш, мичахь бу шу? Палестинина, Израилна иштта атта боьрзур бац и т1ом. Ас кхин цкъа а, йуха а, йуха а кхайкхам бо исламан а, бусалба а, 1арбойн а пачхьалкхашка, цара массара а барт бина д1ахьедар дан деза вайн бусалбачех, вайн вежарех".

Билггал хьанна реза вац Кадыров, кхеташ дац. Гергарчу Малхбалехь Израилан а, ХАМАС-н т1амах комментари йира Кадыровн кхайкхам зорбане балале хьалха. 1арбойн пачхьалкхийн Цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Абу аль Г1айт Ахьмада йемалйира, цо ма аллара, Израилан «къизаллин а, экстремизман а политика", иштта кхайкхам бира, «сихонца Г1аззан декъехь д1ахьош йолу т1еман операци сацайе" аьлла.

Мисрарчу 1едало кхайкхам бира, «кхин д1а маьрша нах кхерамехь ма латтабе" аьлла. Урданехь конфликт ч1аг1йалар дуьйзира х1инццалц «Израило палестинхошна т1елетарш а, та1зарш лелийна хиларца". «Палестинан къам эшамехь" хиларх д1ахаийтира Са1удин 1арбийн пачхьалкхан арахьарчу г1уллакхийн министралло а. Кувейто д1ахаийтина, болийна керла т1ом бахьанехь шаьш «ч1ог1а саготта" хилар – «к1оршаме т1елетарш" дарна бехке йина цара Израиль. Маг1рибан 1едало йемалдира «маьршачу наханна т1елатар дар, уьш миччахь белахь а". Шинна а аг1оне «мелла а собаре" хиларе кхайкхира иштта Къатаро а, Туркойчоьно а, 1арбойн Эмираташа а. Г1ажарийчоьно а, Шемо а бен ХЬАМАС-н лелар къобал ца дира.

Америко а, Евробертарчу а, иштта кхечу масех пачхьалкхашкахь санна ХАМАС террорхойн цхьанакхетаралла лерина йац Оьрсийчохь. 2022-чу шеран стигалкъекъа-беттахь тобанан векалш Москва баьхкира, арахьарчу г1уллакхийн министраца Лавров Сергейца а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца а цхьаьнакхийтира. Г1адужу-беттан 7-хь ХАМАС-о Израилна т1елатар диначул т1аьхьа Оьрсийчоьнан МИД-о кхайкхам бира, регинехь т1ом сацабе аьлла, ткъа президентан пресс-секретара Песков Дмирийс д1ахьедира, хьал чолхе даларна Кремлехь «ч1ог1а саготта" бу аьлла. Шен д1ахьедарехь Кадыровс Оьрсийчоьнан 1едале "бакъонна тIех1отта" аьлла кхайкхам бира. Иштта шена мут1ахь болу т1емалой Г1аззан декъе хьажор хьийхира. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, цо ша къастор ду, нийса мила ву, харц мила ву:

"Оха совцор бу уьш. Харц-бакъ мила ву билгалдоккхур ду. Т1ом сацош воцург а сацор ву".

Кадыров Рамзана динчу д1ахьедарх Кремлехь комментари йина йац. Г1адужу-беттан 11-чу сарахь Путин Владимира шена хетарг элира оцу хьолах, Американ Йуххерчу Малхбалерчу политикана "эшам" хилла элира цо – ХЬАМАС-о динчу т1елатар йемал ца дира.

Политологна Преображенский Иванна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо д1алаьцна аг1о – иза Оьрсийчоьнан 1едалан оцу конфликтан хьокъехь официалехь йоцу ойла йу.

"Кадыров Рамзана мелла а даьстина дуьйцу Кремлана хетарг а, луург а, иза Израилан куьйгаллин хаа дезаш ду. Цхьана аг1ор, Оьрсийчоьно шен ойла хуьйцур йу бохуш шантаж йо жуьгтийн 1едална, вукху аг1ор – Оьрсийчоь Кадыров Рамзанехула бух кечбеш йу исламан дуьненера шайна г1о хилийта, буьйцурш политикаш бац, исламан урамашкара ала мегар долу нах бу. Цундела гуттара а санна лелош ву Кадыров Рамзан Кремло".

Мухха делахь а, Израилан, ХЬАМАС-н девнех Кадыровс динчу д1ахьедаро гайтира, оцу т1амехь 1аткъам баран коьрта г1ирсаш – популизм, ницкъаллин ресурс хилар. Амма Кремлан бакъо йоцуш уьш лелон йиш йац республикан куьйгалхочун. Цхьана декъехь Кадыровн куьйга к1елахь болу эскархой мел эвсара хир бу – диллина хаттар ду: 2022 шарахь Оьрсийчоь Украине чуг1оьртича, т1еман аналитикаша сих-сиха д1ахьедора, кадыровхойн говзалла шеконашкахь йу бохуш.

Журавель Никита а, 13 нохчийн имам а

Оцу йукъанна Нохчийчохь керланаш девзина Журавель Никитин бехктакхаман г1уллакхехула – Волгоградерчу маьждигна хьалха Къур1ан дагорна бехкашца лаьцна, т1аккха Соьлжа-Г1аларчу СИЗО-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долчу к1анта Кадыров Адама йиттинарг ву иза. Г1адужу-баттахь цуьнан г1уллакхехула дуьххьара кхел хила йезаш йара, амма иза ца хилира: официалан версица дог1уш, зен хилларш цига ца баьхкира, йа ша бехкевийриг ца валийра цига СИЗО чуьра схьа. Журавель кхеле стенна ца валийра, и ша муьлхачу хьолехь ву, хууш дац х1ара подкаст д1айазочу йукъанна. Амма х1инца девзина, г1уллакхехула зен хилларш муьлхш бу - 13 нохчийн имамаш бу уьш.

Журавель Никита - аннекси йинчу Г1ирмера схьаваьлла ву. Талламан версица, СБУ-н тIедилларца дагийна хилла цо КъурIан, цара 10 эзар сом лур ду аьлча. Цунна цхьа а тоьшаллаш ца далийна цара. Хьалхо ша диначунна къинт1ерабовлар дийхира цо массо бусулбачу нахе. Шаьш "зен хилларш ду аьлла, дуккхаъчу республикерчу бахархоша дехарш дарна" Москвано Нохчийчу д1аделла бохура и г1уллакх. Амма оьрсийн низамашкахь оцу кепарниг йаздина дац. Х1инццалц талламо, йа кхело билггал ца дуьйцура, г1уллакхехула зен хилларш муьлш бу: оцу статусца билгалбаьхначу 13 нохчийн имамийн ц1ерш йевзаш йац.

Хьакхин корта кхоьссина Кадыровн хIолламна улло

Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан Москварчу Къилбаседа Бутоверчу хIолламна улле хьакхин корта а, бекон а йиллина вевзаш воцчу стага. ЦхьамогIа телеграм-каналашкахь гучуйелира и деш йаьккхина видео, тIаккха и дарна Барнаулера 19 шо долу жимстаг лаьцна боху. Москвахула йолчу ницкъаллин хьукматийн сайташкахь хиллачух дуьйцуш дац.

Бусулбачу наханна магийна йоцучу хьакхин дакъош Кадыров Ахьмадан цIарх болчу урамера хIолламна улле кхоьссира, Москвахь кхин а цхьаъ маьждиг дийр ду аьлла хаамаш баьржича, дуьйцу Baza телеграм-канало. ХIоллам сийсазбинарг полицин декъе вигина хеттарш дан, цуьнан цIе йоккхуш йац, дуьйцу Avtozak LIVE телеграм-канало.

Видео маца йаьккхина къасталуш дац. Оьрсийчоьно хIоттийначу республикан хьалхарчу президентан хIолламна улло кхоьссина корта гойтуш видео дуьххьара националистийн телеграм-каналашкахь гучуйелира.

Москвахула йолчу полицин, прокуратурин, талламан комитетан урхаллин сайташкахь хIумма а ца дуьйцу дIалаьцначун хьокъехь. Нохчийчуьрчу Iедало а ца йина цунах комментари.

2021 шарахь бевзаш боцчу наха сийсазбинера Кадыров Ахьмадан хIоллам – хIетахь цуьнан берте вовшашца аьчкан серашца бихкина шиъ хьакхин корта кхоьссира. Хулиганалла лелорна бохучу артиклаца гIуллакх долийра полицино.

Эзар нохчийн мухIажар - Хорватехь

Эзар сов Нохчийчуьра мухIажар ву Хорватера мигранташна леринчу хьукматашкахь латтош, дIахьедина оцу мухIажаршна тIе а тевжаш "Европечу нохчийн ассамблейхь". Оцу пачхьалкхо цунах комментари йина йац.

"Европечу нохчийн ассамблейн" векало Дадуев Iийсас бахарехь, Хорватин миграцин сервисо мух1ажарийн цIарх аьрзнаш кечдо, дуьненайукъара кхерамазалла лоьхуш бу уьш олий, вукхара и де аьлла дехарш дина дац. Оцу бахьанца Евроберта йукъайогIучу кхечу пачхьалкхаша нохчийн мух1ажарш тIе ца лоцу - дуьненайукъарчу Дублинан регламентехь билгалдаьккхина ду иза.

Пачхьалкхан хьукматех зен а хилла, тIаккха тоьшаллаш дахкийна мухIажарш биссалц, вукхеран хьокъехь лелаш ду и низам. И нах мухIажарийн лагершкахь латтабо, шайн гIуллакхехула сацам баллалц. И дерриг шерашкахь дахдала мега, боху Дадуевс.

Хорватерчу мухIажарийн лагерехь виссинчех цхьаволчу нохчочо дийцина, Туркойчуьра схьа а веана, оцу пачхьалкхан доза хадийра ша. Цуьнца вара итт гергга махкахо - кхо стаг, церан хIусамнаной, бераш а. Цо бахарехь, хорватхойн дозанхоша кехаташна куьг йаздайтира шайга, амма ингалсанна маттах тоъал кхеташ ца хиларна, цу т1ехь йаздинарг х1ун ду ца хаьара шайна. Кутина г1аларчу цхьана легерехь, цо бахарехь, 100 гергга нохчо ву.

Кавказ.Реалиин редакцино Хорватин МВД-га кехат дахьийтина, мигрантийн лагершкахь латточу нохчийн терахь, церан мигрантийн статусах дуьйцуш жоп ло аьлла. Карарчу хенахь цаьргара кехат кхаьчна дац.

Лахьан-беттан йуьххьехь Хорватехь лецира масех иттаннашкахь Нохчийчуьра мухIажарш – цара латкъамаш дора, тховкIело йоьхуш делла кехат йухаэца бохуш, ницкъбо шайна аьлла. ГIуран-баттахь "Европера нохчийн Ассамблейно" дIахьедира, нохчийн мухIажарна Хорватин полисхоша аэропортехь йеттарх.

Палестинин байракх хIотторна гIалгIайн спортхочун проблемаш

Олимпикан толамхо, Г1алг1айчуьра дзюдон латархо Халмурзаев Хьасан къийсамийн йукъараваьккхира, дзюдон Федерацин чоьхьара низамаш цо дохийна аьлла. ХЬАМАС тобано Израильна т1елатар а дина, т1аккха вукхара Г1аза декъанна тохарш дан долийча, шен инстаграмерчу аг1оне Палестинин байракх йиллира цо.

Политикан, динан хьежамаш гуш-хезаш д1ахьедар доьхкуш долу низам дохийна Халмурзаевс, боху дзюдон дуьненайукъарчу Федерацин пресс-релизехь. Иштта билгалдоккху цара, Халмурзаев цхьана ханна бен д1аваьккхина вац - кхин д1а дан дезарг къасталц.

“Дзюдон дуьненайукъара федераци дискриминацица къийсам латтош йу, адамийн мехаллаш, машар ларбеш йу”, – аьлла дийцина оцу цхьанакхетаралло.

ХIара подкаст арахоьцучу йукъанна Палестинин флаг Халмурзаевн инстаграмера дIайаьккхина - цуьнан метта шен спортхочун сурт ду цигахь.

Дзюдохо Халмурзаев Хьасан 81 кийла йозаллехь летаршкахь дакъа лоцуш ву, 2016 шарахь дашон мидал йаьккхира цо Рио-де-Жанейрехь хиллачу Олимпикан къовсамашкахь.

Иштта кху деношкахь ГIалгIайчохь урхаллин гIишлонна дуьхьал йолчу Бертан бIов тIе Палестинин байракх оьллира – амма тIаьхьо охьайаьккхира иза. Меттигерчу администрацехь дIахьедира, оцу барамна шаьш гунахь дац аьлла, и байракх оьллинарг, охьайаьккхинарг мила ву хууш дац.

"Подъем" зорбано арахийцира и видео. Цу тIехь гуш ду, бIов тIера гIале бIаьрг тухучу майденехь и байракх оьллина хилар – рогIерчу бахархойн тIекхочийла ду оцу меттиге.

"Комментареш ца йо. Иза хьалаоьллинчу наха охьайаьккхина иза", – дIахьедира Магасерчу администрацехь журналисташка, йаздо "ФедералПресс" зорбано.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG