Швейцарихь нохчийн йоIана тIелатар, Черхигов Адама транспортан министран даржехь шен да хийцар, хьиджабашца доьзна думин депутатана Делимхановс кхерамаш тийсар – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду Маршо Радион 66-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Швейцарихь нохчийн йоIана тIелатар
Швейцарихь йехачу нохчийн йоIа-боксхочо, 28 шо долчу Эльбукаева Амината дIахьедира муьлш бу ца хуучу пхеа стага шена тIелатар дарх. Нохчийн маттахь видео дIайазйинера цо, цу тIехь цо боху, ша "кIиллойн жIуга" жоьпалле озор йу, меттигерчу Iедалхошка ша Iалашйар а доьхур ду. Эльбукаеван йуьхьа тIехь гуш цIий ду, чевнаш йина таммагIаш а ду.
Германихь йехачу Лийен Шик (Liyen Sheik) инстаграм лелочу нохчех йолчо чIагIдо, кест-кеста нохчашкара кхерамаш кхочу Эльбукаева Аминатана, цуьнан леларна реза боцчу нахера аьлла. Лийен Шикан (Liyen Sheik-ан) хаамашца, йоIана тIелеттачу хенахь цуьнан пIендарш кегдина, корта а лазийна, "лата Iемина иза ца хиллехь, дийна йиссина а хир йацара" аьлла.
Эльбукаевас шен инстаграмехь дийцинера, шена тIелеттарш Швейцарира арабовлучу заманчохь лецна хилла аьлла. Ишта цо билгалдоккху, ша хаьржинчу спортаца доьзна дуьххьара дац шена йеттар, гергарчара пурба а делла, йолайелла йу ша бокс 1амо бохура цо. ХIинца Эльбукаеван инстаграмера аккаунт дIайаьккхина – и дIайаккхале цо хаамбинера, йуха а шена кIело йан кечлуш бу аьлла, шега схьахаийтарх.
Доьзалехь гIело латтор
Кху кIиранах кхин дIа а дийца даьккхира Краснодарера йахархочунна Смелая Марияна тIехь гIело латторах цуьнан хIусамдас, Нохчийчуьра вахархочо Шабазов Чингисхана. Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Шабазовс лачкъйира Москвара шелтерера зуда, цигахь къайлайаьккхинера иза хIусамдас даим а йетташ, кхерамаш туьйсуш лелорна. Шена тIехь ницкъбарх полицига дIа ца хаийтинера Смелаяс, амма стигалкъекъа-беттан 30-чохь видео дIайазйира цо, шегара жима бер, телефон, кехаташ схьадаьхна майрачо аьлла.
Схьадийцарехь, Смелая Мариян бер хиллера Шабазовн шолгIачу хIусамненехь, Алексейцева Алинехь. Оьрсийчохь ши зуда йало магийна доццушехь, шина доьзалца 1аш ву Шабазов. Оцу йукъанна Алексейцевас ша а дийцинера бакъоларйаран "Нана йоцу Кавказ" проектан белхахошка денна бохург санна ша а, доьзал а балехь баллош хиларх Шабановс.
"Йаха а ца йуьту, йала-йола а ца йуьту, сох лета, къаьркъа моьлу, наркотикаш йу лелош… Суна ахча а ца ло цо, йа балха а ца йохуьйту, суна йетта, берех лета, хууш йац со…ХIаъ, полици йахара со, цо боху соьга: "Хьуо йахьахь гIол хьо полици". Полисхошка йаздина дац ас – со ца йаьхьа, цо со йуьйр йу", - бохура Алексейцевас.
ХIара къамел Алексейцева Алинин пурбанца зорбанехь даржийначул тIаьхьа, зIенера йайна иза, дIахьедо бакъоларйархоша. Хьалхо Шабазов Чингисхана кхерамаш тийсира, ша хIаллакдийр ду шу бохуш "Нана йоцу Кавказ" проектан белхахошна.
Оццу заманчохь ала тарлуш Подмосковьера Путилково эвлахь Нохчийчуьра вахархо летта шен хIусамненах масийттаза тIекIелдинчу цIенна хьалха. Текхош йуьгу цо шен хIусамнана асфальта тIехула, месаш тIера лоций а дIаийзайо цо иза, шайн берана а, кхинболчу нахана а хьалха цуьнан садукъдора цо.
Бала текхна зуда реза ца хиллера полицига чу кехат дала – цо бахарехь, "жинаш девллера цунна чу", цунна гIо дан дагахь цIа текхош хиллера иза хIусамдас. Iазап хьегийтинарг бехкевира административан артиклехула – цунна гIуда догIу, йа 15 дийнахь-бусий чохь хан йоккхуьйтур йу цуьнга.
Пачхьалкхан "НТВ" телеканалан хаамашца, вуьйцург ву – 30 шо долу Чири-Йуьртара Абдулаев Изновр, тоххара дзюдон Оьрсийчоьнан чемпион хилла а ву иза, кхо бер ду церан. Цуьнан лулахоша хаамаш бира, Абдулаев кест-кеста лета зудчух, луларчу бахархошца а чIогIа кIоршаме ву иза аьлла. Зударша далхадора, цхьаьна нисвелча шайх а куьйгаш детта гIерта иза бохуш, иштта чIагIдо, 78 шо долчу лулахочунна а йиттинера цо, гIовгIа ма хилийта аьлла, шега вистхилча.
Черхигов а, Делимханов а
Кадыров Рамзанан кхин а цхьана гергарчух министр вина. Вуьйцург ву Черхигов Адам - Нохчийчуьра транспортан а, зIенан а, терахьаллин кхиоран а министр хIоттийна иза. ХIинццалц схьа, 2007-чу шарера схьа дуьйна, оцу даржехь вара цуьнан да Черхигов Рамзан. Кадыров Рамзанан йиша Зарган цуьнгахь йу. Черхигов Адам – Кадыровн йишин кIант хуьлу.
Нохчийчоьнан Iедалан органашкахь нийса ах бохург санна даржаш дIалецна Нохчийчоьнан урхалхочун гергарчара. Стигалкъекъа-бутт бовш шен воккхаха волу кIант, I8 шо долу Ахьмад спортан министр хIоттийра Кадыров Рамзана. Дукха ца Iаш кхиазхочо шен гIовсаш бовзийтира, уьш бу Даудов Iумар а, Делимханов Амхьад а. Хьалхарниг – карарчу хенахь премьер-министр волчу Даудов Мохьмада кIант ву, шолгIаниг – Оьрсийчоьнан парламентан депутатан Делимханов Адаман вешин кIант ву.
ТIаьххьарчуьнца боьзна бу кхин а цхьаъ, доьдучу кIиранах дуьнено бийца баьккхина хаам. Делимханов Адама критика йира дешаран хьукматашкахь динан духар лелор дехка тарло аьлла йукъайаккха хьийзо низаман проектана. Оцу кепара документ стигалкъекъа-беттан 28-чохь дийцаредайта чуделла Пачхьалкхан думин куьйгалхочун гIовса Даванков Владислава. Делимхановс бехкевира иза мангал-беттан 3-чохь динан маршо йохон гIортарна. Нохчийчоьнан цIарах депутат волчо дIахьедира, "Даванковна дагадеъначо йукъараллехь хьал талхон тарло", цо тIетуьйхира, "керстан динехь а зудчунна йовлакх лелор тIаьхь ду" аьлла.
"НикIабана а, хьиджабна а йукъарчу башхаллех Даванков кхетон луур дара суна. НикIаб – зударийн духар ду, йуьхь къовлуш. Ткъа хьиджабо йуьхь ца къовлу. НикIаб оха тхаьш а магош йац, ткъа хьиджабах дерг аьлча – и лелор хIора бусалба йоьIан декхар ду". Иштта дIахьедина депутато Делимханов Адама.
Цунах ца кхетарш, "динан ламастин мехаллех а, гIиллакхех а" уьш "кхетар болччу агIор" дуьйцур ду аьлла, кхерамаш тесна цо.
Лелаш долчу низамца а догIуш, Оьрсийчуьра дешаран организацин бакъо йу локалан нормативан актан буха тIехь дешархойн духар къобалдан. Даванковн низаман проекто кхин а тIетохарш дар хьоьху оцу дешарх лаьттачу низамехь – динан духар лелор школашкахь а, университеташкахь а дехка бакъо луш.
Делимхановс критика йинчул тIаьхьа Пачхьалкхан думин вице-спикеро дIахьедина, шен низаман проект бахархойн дехаршна тIехь кхоьллина йу аьлла. Хадам боллуш йуьхь хьулйен никIабаш йехка аьлла, вистхилла Даванков, ткъа хьиджабийн хаттар, депутатана хетарехь, кеп-кепарчу регионашкара хьаькамийн шайна ма-хетта листа дезар ду.
Могушалла Iалашйан деллачу а дукха ахча кхаьчна "Ахматана"
Кадыров Ахьмадан цIарах спортан кхаа клубан хьашташна 2023-чу шарахь 6 миллиард сов сом ду дайинарг – кхо б1е дезткъе шина миллионна (382 миллионна) алсам ду и Нохчийчуьра могушаллаIалашйаран бюджетехь долчул а, зераш дина "Верстка" хьасто.
Футболан "Ахмат" клубана хьажийна 1,1 миллиард сов сом, цу тIе цуьнан ах дакъа – 651 миллион – республикин бюджетера эцна дара, аьлла ду йинчу чоьтехь. 4,8 миллион сом даьлла говрийн клубан балхах: Кадыров Рамзан гIараваьлла ву говрашка безам хиларца. Шен нанна а, йоьIаршна а тоьхна санкцеш йухайаха бохуш кхайкхам бечу хенахь говраш а хьахийнера цо церан могIарехь.
Кхин а алсам 101 миллион сом кхаьчна хилла латархойн "Ахмат" клубана. Цуьнан хьашташна дойъу доллу ахча бюджетера дара.
Стигалкъекъа-баттахь дотацин клубан коьрте хIоттийра мехкан урхалхочун 18 шо долу кIант. Стохка царна деллачу ахчанах спортан гIирс а, барзакъ а ийцира, ишта "спортан барамаш дIабаьхьира".
ЖамIаш дарехь Кадыровн спорте марзваларх бюджетана 4 процент гергга ахчана зен хуьлу. 12-зза лахара ду мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а урхаллашна дойург. Клубашна хьажийначу ахчанах могушаллаIалашйаран системина мел оьшург латтон таро йара 2023-чу шарахь – цул тIаьхьа а пачхьалкхан бюджетехь дуьсур дара кхин а 382 миллион сом.
Буденновскехь хилларг лаьцна
1995-чу шарахь Буденновскана тIелатар дарна гунахь ву аьлла Нохчийчуьра вахархо лацарх дIахьедина Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Урхаллин хаамашца, иза Зоев Хьамзат ву, дийцарехь, Басаев Шемала буьйралла дечу Ичкерин тIеман тобанехь хилла ву иза.
Лаьцначунна бехкаш дехкина теракт йарна а, талораш лелорна а, закъалте нах лецарна а, уьш байъарна а.
Зоев дIалаьцна МВД-н а, ФСБ-н а белхалоша, карарчу хенахь цуьнца "тӀаьхьататта йиш йоцу талламан а, кхин долу процессуалан а белхаш ду дIахьош", билгалдаьккхира Талламан комитетехь.
1995-чу шеран мангал-баттахь Басаевн тоба Буденновскана тIелетта закъалтхой лийцира, сихонца Нохчийчуьра тIом саца а бина, чуьра эскарш арадаха аьлла тIедожийра цара. Мангал-беттан 17-хь, шайн штурм чеккх ца йаьлча, дийцарш долийра. Премьер-министр Черномырдин Виктор цхьана декъана реза хилира шайга кховдийначу билламашца. Мангал-беттан 19-хь Басаевн тобано кхерам боцу некъ баьстира, Нохчийчу йуха баха автобусаш а йелира царна. Цаьрца 100 гергга закъалтхо а вара, шайлахь бакъонашларйархой а болуш, - тIаьхьо уьш берриш дIахийцира.
Официалан хаамашца, тIемалойн тIелатарехь а, оьрсийн леринчу тIеман-декъийн тIелатарехь верриг велларг вара 129, кхин а 415 стагана чевнаш йира. Дийцарш дIадахьар бахьана долуш цхьа эзар ах эзар стаг кIелхьара ваккха аьтто белира.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: