Нагахь санна Гуглехь, интернетерчу лахаран системехь, „Оьрсийчуьра йорт ян еза“, я оьрсийн меттахь аьлча, „пора валить из России“, аьлла, дешнаш яздича, оцу сохьта схьахIутту бIеннаш тайп-тайпана сайташ. Муха, мича, маца, хIунда йорт ян еза цу махкара бохучух лаьцна кхоччуш жоьпаш ло цара. Уьдуш бу нах Европе, Малбузе, Малхбале...