Иракъерчу Оьрсийчоьнан консулалло шаьш саготта хиларх, дIахьедина, БагIдадехь белла дIабовллалц хан яккха дезачу зударийн кхолламашна.
Байначу беттан 29-чу дийнахь хааме делира, кхело Оьрсийчуьра схьаяьллачу 19 яхархочун хьокъехь шен вердикт тIеэцнийла.
Цул хьалха, оццу беттан 17-чохь Дагестанерчу шина зудчунна а дIакхайкхийра яллалц чохь яллош тоьхна хан.
Кху сохьта кхелан сацам дIакхайкхийна зударий Иракъан коьртачу шахьарахь латтош бу, хан яккха кхечу меттигашка уьш дIахьовсорах цкъачунна дйцаредина дац аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале Иракъерчу Оьрсийчоьнан консулаллан векало Истомин Александра.
Иштта цо бахарехь, кхело 21 зудчун хьокъехь бинчу сацамна арз а дина.
"Ас хIун эр дара аьлча, массо а зударийн хьокъехь апелляцин кхеле чулуш ду церан гIуллакхах кехаташ. Кхаа баттера бархI батте кхачале луьстур долуш ду чукхачийна аьрзнаш", - аьлла, дийцина консулаллан векало.
Апелляцин аьрзнаш маца талла буьйлалур бу хIинца а хууш дац.
Оьрсийчоьнан зударийн кхолламан йист яккхарехь шайца дагадовларе кхайкхина Иракъан Iедалшка Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Оха ца боху оцу зударийн бехк бац, амма тхо тешна ду, цу кхелан сацамехь даккхий гIалаташ дитина хиларх", - аьлла Кадыровс.
Шемахь а, Иракъехь бисинчу зударех а, берех а информаци вовшахтухучу Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъахочо Саратова Хедас хаамбина "Кавказ.Реалиига", арахьарчу гIуллакхийн министран гIовсаца Богданов Михаилца шайн белхан тобан цхьанакхетар хир ду аьлла.
"Кху беттан юккъехь Богдановца леринчу цхьанакхетаро ситуаци мел а хуьйцур ю аьлла догйовха ду тхо. ТаIзаре хIиттийначу вайн бахархойн кхолламаш шайн тергонехь латточу Иракъерчу Оьрсийчоьнан дипломатин хьукматца рожехь юкъарлонаш ду тхан лелош. Ишта церан гергарчаьрца цхьаьна уьш Iалашбаран некъаш лехийта оха тIеоьзна юристаш а", - аьлла Саратовас.
Иштта бакъонашларъярхочо дийцарца, Оьрсийчуьра 70 зуда ю кху карарчу заманчохь кхелан процессашка ладоьгIуш Iаш. Ткъа нохчийн бакъонашларъярхойн тептарехь кхин а ши эзар сов зуда а, бер а дуьсу.
Оьрсийн адвокатийн бакъо яц Иракъехь Оьрсийчоьнан бахархойн интересаш Iалашъян аьлла, дийцина "Кавказ.Реалиига" "Плиев а, партнераш а" цIе йолчу адвокатийн бюрон куьйгалхочо Плиев Мусас.
"Тхан карахь информацин гIо кхачор бен дац. ХIаъ, БагIдадан Юккъерчу кхеле апелляцин аьрзнаш чудала деза. Кхело бина сацам хуьйцур бу аьлла, кIезиг дегайовхо ю сан. ХIуъа дина а Оьрсийчоьне уьш схьабалийта бахьанаш лело деза, цара тоьхна хенаш такхийта. Хала хеташ делахь а, Оьрсийчоьнна а, Иракъна а юкъахь бина барт бац, церан бахархой дIасалуш, кхело тоьхна хан яккха. Цундела, низамаша тIе ца дожадо царна церан экстрадици яр", - аьлла, билгалдаьккхина адвокато.
Амма боху Плиевс, оцу зударийн бакъо ю Иракъан куьйгалле шайна гечдар деха: "Муьлххачу а пачхьалкхехь къинхетам беш меттиг бу. Цуьнца а догIуш, хантоьхначийн гергарчара дехар дан деза Оьрсийчоьнан Iедалшка, цул тIаьхьа пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла зIене ер ю Иракъерчу шайн коллегашца, Оьрсийчоьнан бахархошна гечдаран хаттар айдина", - аьлла, дийцина адвокато Плиев Мусас.
Текстан автор Аслан Бзаров, гочйинарг Димаева Лиза.