ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лечкъа а ца деш, схьааьлла соьга, ца лела набахтехь низамаш"


Немцов Борис верах долу дов луьстучу кхелехь Эскерханов Тамирлан, Губашев Шадид, Дадаев Заур.
Немцов Борис верах долу дов луьстучу кхелехь Эскерханов Тамирлан, Губашев Шадид, Дадаев Заур.
Оздоев Мохьмад

Губашев Шадид леткъа ша чохь кхобучу набахтина

Политик Немцов Борис вуьйш дакъалацарна 16 шо хан а тоьхна, ша дIахьажийначу Ямал-Ненцойн махкарчу №8 набахтехь тутмакхийн бакъонаш хьоьшу, аьлла, арз даржийна Нохчийчуьрчу ницкъхойн декъахь леллачу Губашев Шадида.

Шозза мацалла лаьцна Iийна иза ша дIакхайчийначу меттехь. Шегарчу хьолах лаьцна цуьнан аьтто баьлла хаам бан ша волчу ши кIира хьалха адвокат кхаьчча. Баттахь шозза кехат яздан а, гергарчаьрца зIене вала а луш йолу бакъо шена кхачош яц, аьлла цо.

Йишас Губашева Румисас дийцарехь, тIаьххьара къамел хилла Шадидан шен гергарчаьрца кхо кIира хьалха. Оьрсийн маттахь. Леткъамаш бан бакъо а йоцуш.

Адвокате динчу орзехь Губашевс боху, ша набахте схьавалийначу пхеа баттах шега дуккха а хан такхийтина таIзар ловчу изоляторехь (ШИЗО).

Иштта иза леткъа ша парггIат ламаз дан ца вуьту бохуш: "Ламазна тIехь лаьттачу муьрехь набахтин белхахо чухьаьжча, цуьнца дедика дан еза, ца дахь, ШИЗО хьажаво. Маж ца лелайойту, охьахецча, таIзар до. Ас дедика ца дира я со тIехьожучаьрца къийсавелира, куьйгаш дIаса а лестош, олий, рапорт яздо".

Ша набахтера вада гIорта тарлучу тутмакхийн тептара ваьккхина Чиллан-беттан 12-чохь, яздо Губашевс: "Лечкъа а ца деш, схьааьлла соьга, ца лела набахтехь низамаш, аьрзнаш дар а ду, боху, эрна. Видеорегистратор латийна йолуш до соьца лартIехь къамел, иза дIаяйъича – хьайбанца санна".

Могашаллла дика яц Губашевн, цо ша бахарехь, ницкъ бо дегIанна ШИЗО-но. Амма довлуш дац набахтин неIарел ара цуьнан аьрзнаш. Доьху тутмакхо ша волчу бакъоларъярхой а, прокурор а кхайкхар.

"Кхузахь гIело йо адамашна тIехь. Кхин со ШИЗО хьажавахь, ас мацалла кхайкхор ю, прокурор со волчу ца вагIахь, сайн пхенаш хедор ду", - яздина Губашев Шадида.

Цо бечу хаамца, шозза Iийна иза мацалла лаьцна. ШолгIачу муьрехь, могашалла гал а яьлла, массех денна лазартне а кхачийна хилла.

"Кавказ.Реалии" хьоьжу Ямал-Ненцойчуьрчу №8 набахтехь тутмакхийн бакъонаш талхош хиларх лаьцна болчу хаамашна оцу мехкарчу набахтешна тIехьожучу урхалло комментари яре.

2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чохь герз тоьхна вийра оппозиционер Немцов Борис. Зулам дарна бехкевира Нохчийчуьра Дадаев Заур а, ГубашевгIар – Анзор а, Шадид а, Эскерханов Тамерлан а, Бахаев Хьамзат а. 11-20 шераш набахтехь даха кхайкхийра царна. Немцов вен нах арабаьхнарг ву аьлла, Iедало лаца кхайкхийна полицехь болх бина эпсар Мухадинов Руслан. Немцов гергарчарна хетарехь, политик вуьйш дакъалаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG