ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каримовс бакъ ца дина Салахьа футболан тоба дIатосуш хилар


Мисаран футболан ловзархо Салахь Мухьаммад къоман командана юкъарвала дагахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьанехь аьлла, хаамийн гIирсашкахь яьржина информаци бакъ ца йина куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iалвис.

"ГIиллакхе дац и даржор. Сан ян чIагIо ю, Нохчийчохь хан йоккхучу заманчохь Салахь самукъане а, матчашна тIе ойла яххана а вара аьлла. Дозанал а арахьарчу зорбанаша яздийриг бух боцуш ду, мелхо а федерацин векалша а, ша Салахьа а баккхийбеш дуьйцура, шайна Нохчийчохь динчу хьошаллех", - аьлла, дIахьедо пресс-секретаро.

Иштта Каримовс билгалдаьккхина, мехкан куьйгалхочо Мисарара тоба шан политикан Iалашонашца лелийна бохург а бакъ цахилар, дуьненан чемпионатна дискредитаци ярхьама даржийна ду и къамелаш.

Маршо Радионо яздира, Мисаран футболан тобанан декъашхо Салахь Мухьаммад мехкан къоман тобанна юкъара дIавала дагахь ву аьлла CNN телекомпанино хаамбарх.

Салахьна юххерчу хьастано дийцарехь, жима стаг догдоьхна ву ша Нохчийчохь яьккхинчу хенах политика хьакхаяларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG