ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бомбанаш ша а, шен вашас а кечйинера аьлла Царнаев ЖовхIара


ФБР-н агенташа левечу хенахь ша а, шен вашас а шайн куьйгашца лоьлхуьйтурш а кечъеш, динера тIелатар аьлла, дIахьедина 2013-чу шеран бIаьста Бостонехь марафонехь эккхийтар дина аьлла, лаьцна латточу Царнаев ЖовхIара. Дуьххьара зорбане даьхначу кхелан процессан документаш тIехь Iораяьккхина и информаци.

Лоцучу заманчохь лазийначу ЖовхIарна хала дара юьхьанца къамелаш дан, цундела шега талламчаша дечу хеттаршна жоьпаш шен куьйга дIа а яздеш, лора цо. ХIетахь хаамбина хилла цо, шен вешица цхьана шаьшиммо сиз-кепаш хIиттош, бомбанаш ен гIирс вовшахтухура аьлла.

2013-чу шеран бIаьста 3 стаг а вуьйш, 282 лаза а веш, Бостон-гΙалахь марафон йоьдуш ши эккхийтар дарна бехке вира, хΙеттехь лоцуш полицино вийна Царнаев Тамерлан а, тΙаьхьо лаьцна Царнаев ДжовхΙар а. ТIаьхьо кхеле кхачийначу оцу хаамех яздина ду ФБР-н рапорт тIехь.

Царнаев ЖовхIара дийцарехь, Кембриджерчу Массачусетс олучу штатехь цуьнан ваша вехачу хIусамехь йина хилла цушиммо лоьлхуьйтурш. Стенгахь кечйина хилла бомбанаш, церан кара хьан елла хилла уьш бохуш, дукха хенахь дуьйнна диллина лаьттинчу хеттаршна жоьпаш ло оцу керлачу хаамаша.

Царнаевн гIуллакх толлучу хенахь ФБР-н агенташа дуйнаца тоьшаллаш дира, Царнаев Тамерлан вехачу хIусамехь оьккхуьйтург йина лараш ца карийра шайна, ур-атталла сантехника вовшахъяьккхича а аьлла. Iорадаьхначу кехаташа чIагIдо, бомбанаш дукха хьолахь Тамерланан петар чохь а, юкъ-кара ЖовхIаран машен чохь а еш хиллийла. Бомбанаш йина ваьллачул тIаьхьа, талламчаша бахарехь, вежарша лоьхуш хилла уьш яхка меттигаш.

Оцу юкъанна царна хиина хилла гергарчу оршотдийнахь Бостонан марафон хир юйла. Иштта Iалашо лаьцна цу шиммо цигахь уьш лелхийта.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатин бехккъасторхоша Царнаев ЖовхIар вен кхачор шен сацамца тIечIагIдира 2015-чу шарахь.

Адвокаташа боккхах бехк лоцуш вийначу воккхахчу вешина Тамерланна тIе а биллина, ЖовхIар вен кхачорах хьалхаваккха а гIиртира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG