ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевца Псковн десантхошна тIелатар дина аьлла, чохь витна Казбулатов


Басаев Шемал
Басаев Шемал

Талламчаша Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанехь лаьттина ву аьлла, бехкевина Казбулатов Шемал Охан-беттан 30-чу дийне кхаччалц чохь вуьтуш, сацамбина Ессентукерчу кхелахоша. Стохка ГIуран-баттахь дIалецира иза. Казбулатов шеконашкахь ву, цо бандиталла а лелийна, зуламхойн тобанехь лаьттина, полисхошна кIело а йина аьлла, хаамбина Ставрополан "Свое ТВ" гIирсо.

Маршо Радионо яздира, 2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковн десантхошна тIелатар дина аьлла, лаьцначу Донашев ИбрехIимна а, Дудиев Нажмуддина а бехкаш тIечIагIдина аьлла, Талламан комитето хаамбарх. Талораш лелор а, зуламечу тобанехь дакъалацар а, эскархошна тIелатар дар а бухе а дуьллуш, жоьпалле озийнера 41 шо долу Донашев ИбрехIим а, 43 шо долу Дудиев Нажмудди а, хаамбира "Кавказан узел" агенталло, Талламан комитетерчу хьостанна тIе а тевжаш.

Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бира 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота хIаллакйира хIетахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG