ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГӀалгӀайн йозуш ца хиларан комитето" дӀакхайкхийна Берлинехь шен векална тӀелатар дарх


Берлинера полици, гайтаман сурт
Берлинера полици, гайтаман сурт

Шайн векална, телеграма-каналан администраторна динчу тIелатарх дIахьедина "ГӀалгӀайн йозуш ца хиларан комитето". Цу кепара дуьххьарлера инцидент йу и аьлла Кавказ.Реалиин сайте организацин векалша. Оьрсийчохь "ГӀалгӀайн йозуш ца хиларан комитет" дӀакхайкхийна "арахьара агент" йу аьлла.

Ша и тӀелатар хилла Берлинан гӀалин йистехь товбеца-беттан 3-чу дийнахь, амма хӀинца бен нахалахь дуьйцуш дац и. "Кавказ.Реалиин" корреспондентана йеллачу комментарехь цу комитетан векалша дӀахьедина, тӀелатар динарг виъ вара аьлла. ЦӀеххьана тӀехьашха организацин векална тӀе а бевдда, цуьнан куьйгаш хьовзийна, шайн машен йолчу агӀор иза дIаийзош хиллера цара. Цо шайна дуьхьало йича, жимма цунах тийса а белла, тIелеттарш бевдда хилла.

ТӀехйолучу полицин патруль кхаьчнера тIелатар хиллачу меттиге, тхан векал хилларг хилларг таллалц дIавигинера полицин декъе. Йуьхьанца хулиганалла санна хьесап динера хиллачун. ТIаьхьо, волайнхо Комитетан векал вуйла хиъча, гӀуллакх лерринчу сервисашка дӀаделла. Тхуна кхиндӀа дӀа долчух хууш дац", - хаамбина комитетехь.

Комитетатн векало ша чуделла дIахьедар дац, тIелатар дарх таллам болийна.

ГӀалгӀайчоьнан йозуш ца хиларан комитето дӀахьедира, шайна массийтаза кхерамаш туьйсура Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн векалша, ткъа иштта шайга информаци кхочура гергарчу хенахь шайна дуьхьал питанаш лелон дагахь хиларх.

Организацин куьйгалхошна йукъахь конфликт иккхинчу хенахь дина и тӀелатар. Мангал-бутт чекхболуш комитетан хиллачу къаночо Оздо Ахьмада ша дIайазйина видео йаржийра. Цу тIехь цо бехк биллира шен накъостана Гаркхо Ансарна Палестинаца болчу тIамехь Израильна гӀортор йечу Европаца а, Украинаца а цхьаьнаболхбарна. Цунна жоп луш, КИН-ан векалша Оздо бехке вира Оьрсийчохь бехачу гергарчаьргахула шена тӀеӀаткъам беш хиларна ницкъаллин структурийн белхахошца йукъарлонаш лелорна.

"Кавказ.Реалиин" редакцица хиллачу интервьюхь ГӀалгӀайчоьнан йозуш ца хиларан комитетан куьйгалхочо Гаркхо Ансара дийцира республикехь а, цул арахьа а бечу балхах а, ГӀалгӀайчохь йукъараллин дӀахӀоттамах а, оьрсийн пачхьалкхаца йолчу юкъаметтигех а лаьцна.

  • КИН кхоьллина 2023-чу шеран дечкен-баттахь Истамбулехь йозуш йоцучу ГӀалгӀайн агӀончийн конгрессехь, цуьнан Ӏалашонаш йу гӀалгӀайн юкъаралла маршонан а, йозуш ца хиларан а ойланна гонаха чӀагӀъяр, культурин а, динан а башхалла ларъяр, йозуш йоцу гӀалгӀайн пачхьалкх кхолларан бух кечбар, иштта "халкъ кхин а Ӏехорна а, цунна дуьхьал ницкъ баран спиральна а дуьхьало йар". Цуьнан векалша кест-кеста дакъалоцура "Построссин маьршачу къаьмнийн форумашкахь".
  • 2022-чу шарахь Оьрсийчоьно Украинана буьззинчу барамехь тӀелатар дан доладелча, Къилбаседа Кавказерчу масех республикан векалша дӀахьедар дира шаьш йозуш йоцу пачхьалкх къийса дагахь ду аьлла. Киево политикан импульс йелира оцу процессана, мангал-баттахь Украинин Лаккхарчу Радехь хӀинцале хьахийначу депутатан Гончаренкон инициативица фракцешна юйукъара тоба кхоьллича. ХӀетахь дуьйна Нохчийчоьнан а, Дагестанан а, ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан а, ГӀалмакхойчоьнан а къаьмнийн векалша тайп-тайпанчу форматашкахь дӀакхайкхийра шаьш суверенитет ларъян дагахь хиларх. ТӀаьхьо царна тӀекхийтира ГӀалгӀайчоь йозуш йоцуш хиларан агӀончаш а.
  • 2024-чу шеран чиллан-баттахь ГӀалгӀайчохь бехктакхаман гӀуллакх долийра Оздо Ахьмадна (Гудиев Темерлан) дуьхьал экстремистийн юкъаралла вовшахтохарна. Стохка чиллан-баттахь ГӀалгӀайчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан экстремизмна дуьхьало йечу центран белхахоша хеттарш дан кхайкхинера гӀалгӀайн блогеран, жигархочун, КИН-ан пресс-секретаран Йоулой Русланан да.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG