ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь латтана тIехула хиллачу летаршкахь полисхо лазийна


ГIалгIайчуьра Джейрахан кIошт. Гайтаман сурт
ГIалгIайчуьра Джейрахан кIошт. Гайтаман сурт

Шина тайпанара нах вовшах леташ латтана тIехула даьллачу девнехь полисхо лазийна. Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх долийна. Конфликт хилла марсхьокху-беттан 19-чохь лаьмнашкарчу Джейрахан кIоштара Бейни эвлахь. Коттедж йинчу дайн лаьтта тIехула доладелла ду дов.

Оцу инцидентехь хилла КуштовгIеран а, ВаделовгIеран а доьзалш. ВаделовгIеран тайпан векало "Фортанге" дийцарехь, доьзал къар ца ло, Оьрсийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министраллин "Рысь" СОБРан хоккейн клубан хиллачу президенто Куштов Башира тIехь комплекс йина латта шайн дайн ду бохуш. ВаделовгIар гIуллакхан йист йаккха баьхкича, "уьрсашца, гIожмашца КуштовгIар, шаьш дукха хиларе терра" кхарна тIелеттера, цхьахволчу ВаделовгIеран векалан дешнаш далийна гIирсо.

Полисхой схьакхаьчча девнна йукъахь хилла цхьаъ дуьхьал хилла полицин декъе ваха, цо масийттазза урс тоьхна ницкъахочунна, хаамбина республикере Талламан комитетан урхалло. Цул тIаьхьа тIелеттарг ведда къайлаваьлла, полисхоша дIахьедира, иза мила ву а хаьа шайна, шаьш иза лехамашка а велла аьлла. Iедалан белхахочунна дуьхьал ницкъбаккхарна бехкевечунна набахтехь даккха 10 шо кхачадо низамашкахь.

Хьалхо дуьйцура, девнна йукъахь хилла масех лаьцна, полицин декъе дIавигина бохуш, хаамбира ГIалгIайчуьра МВД-н урхалло. Летачу хенахь даге лазар иккхина ВаделовгIеран цIийнах цхьаъ велла бохуш, йаздо "Фортанго". ТIечIагIбазчу хаамашца, верриг а оцу конфликтехь дакъалоцуш хилла 25 стаг хIора агIонгара, кхин а нах лазийна аьлла, хууш хIума дац.

  • "Рысь" хоккейн клубан экс-президентана Куштовна кху шеран товбеца-баттахь арахь даккха кхо шо туьйхира, курхаллаш лелон гIортарна аьлла. Талламан версица, шен партнерашца цхьаьна $1 миллион ахча даккха гIоьртинера иза, къийеллачу "Агросоюз" банкан бенефициар хиллачуьнгара, цо къоладарх бехкзуламан гIуллакх дуьхьал ца доккхуш, иза жоьпаллех воккхур ву бохуш.
  • Къилбаседа ХIирийчуьра Пригород кIоштарчу Куртат йуьртахь 50 стага дакъалоцуш летарш хиллера. Царех 11-мма шайна лоьрийн гIо дехнера. Латаран бахьана шина кхизахочун даьлла дов дара. Цига схьакхаьчначу полисхойх мел лахара а цхьаъ лазийнера.
  • 2021-чу шеран чакхенгахь Къилбаседа ХIирийчуьра Пригород кIоштахь гIалгIайшна, хIирийшна йуккъехь массийтта кегийри девнаш лилхира, дийцира Кавказ.Реалии сайто зенаш хиллачарех.
  • 1992-чу шарахь хIирийшна, гIалгIайшна йуккъехь латта къовсар хьокъехь даьлла дов адамаш дайарца, меттигаш йохорца дирзира. Цигахь кхелхинчарех болу хаамаш тайп-тайпана бу. БархI эзарна зенаш хилла, 900 сов адам дала делла аьлла ду цкъачунна.
  • "Мемориал" бакъонашаларйархойн центро хIирийн, гIалгIайн девнан бахьанаш Сталинан политикица доьзна ду элира. 1944-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн республика дIайохийча, Пригород кIошт Къилбаседа ХIирийн АССР-на дIайаларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG