ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаттам: "шайн пачхьалкхан мостагI" лерина Оьрсийчоь 70% гуьржаша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Гуьржийчоьнан 69 процент бахархоша Орсийчоь шайн пачхьалкхан мостагI лору. Цуьнан тоьшалло до "Кавказан барометр 2024" талламан гурашкахь бинчу хаттаман жамIаша, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

И гайтам шо шаре кхуьуш бу: 2021-чу шарахь бинчу оцу кепарчу талламехь корта мостагI лорура Оьрсийчоь 66%. 2018-чу шарахь – 49%, 2017-чу шарахь – 40%, ткъа 2012-чу шарахь – 35%.

Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ коьрта мостагI лерина 4% респонденаша, ткъа Туркйчоь – 2%.

Вукху агIор, Гуьржийчоьнан коьрта доттагI Америка йу аьлла хета хеттарш динчу 24% гуьржашна. ШолгIачу меттигехь йу Азербайджан – 8%, Украина-7%. Кхин дIа йазйина йу Туркойчоь, Германи, Эрмалойчоь. Оьрсийчоь Гуьржийчоьнан доттагI лерина кавказхойн мехкан 2 проценто.

Оцу йукъанна хеттарш дина 26 процент тешна бу, Гуьржийчоьнан доттагIий бан а бац аьлла.

Хаттам бина охан-беттан 16-чуьра стигалкъекъа-беттан 13-чу ийне кхаччалц Гуьржийчоьнан дозана тIехь интервьюш а оьцуш. Шаьш суверентитет йолу мехкаш ду аьлла дIакхайкхийначу Абхазихь а, Къилба ХIирийчохь а талламаш бина бац.

Верриг а хеттарш динарг ву 1509 стаг, ишта кегий къаьмнаш дехачу Самцхе-Джавахетихь а, цигахь бехаш бу эрмалой а, дукхахеберш азербайджанхой болчу Квемо Картлихь а. Гуьржийн, эрмалойн, азербайдажанхойн меттанашкахь дIабаьхьна бу хаттам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG