ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Адаман цIарца урам хилийта лаам хилар сайт йастарца доьзна Брянск-кIоштан думехь


Брянск кIоштан думехь дIахьедина, шайн сайт йаьстина аьлла. Хьалхо цу тIехь хьехнера Нохчийчохь тIом бинчун цIарах болу Брянскера урам Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долчу кIентан Кадыров Адаман цIарца хилийтар.

Урамна Кадыров Адаман цIе тилларх хааман терго йира "Осторожно, новости" телеграм-канало. Зорбане йаьккхинчу скриншотца а догIуш, Брянскера вахархочун, Нохчийчохь шолгIачу тIамехь кхелхинчу десантхочун Василев Сергейн цIе лелон урамна йала йезаш хиллера Кадыровн цIе.

Депутатийн гуламан пресс-гIуллакххошна хиънера цунах лаьцна журналисташкара, цара шайгара кмментарий йехча, цул тIаьхьа сайт болх бечуьра сецира. Цул тIаьхьа, сайт болх бан йолайелча, цигахь зорбане даьккхинера хакерийн тIелатар хиллера аьлла – чIагIдо, регионалан праламентехь кхеташо дIайахьарх хаам бинчул тIаьхьа чулацамехь хийцамаш бина хиларх.

Хьолах лаьцна комментарий йеш махкара думин куьйгалхочо Суббот Валентина билгалдаьккхира, топономикин хаттар "Брянскан кIоштан Думин компетенцихь дац, цундела парламентан сессихь иза дийцаредойла а йацара" аьлла. Ишта цо билгалдаьккхина, хаам бакъ цахилар тIечIагIдарх кхеташонан онлайн-трансляцино а.

Суббота бахарехь, сайт йастарца доьзна талламаш бина, бакъоларйаран органашка дIакхачийна материалаш

Дахначу кIиранах аннекси йинччу Севастополера "Оьрсийн йукъаралло" а дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана Кадыров Адамна совгIат дар хьоьхуш, иза 16 шо кхачарца декъалвеш лахьан-беттан 24-чохь хаам зорбане баьккхинчул тIаьхьа шайн сайт йохорах.

Донецк гIалин оьрсийн администрацин куьйгалхочо бина Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана Кадыров Адамна гIалин сийлахь вахархочун цIе луш сацам зорбане баьккхинера ишта дахначу кIиранах телеграм-каналаша. ТIаьхьо Оьрсийчоьно хIоттийначу Донецкан администрацино дIахьедира, шайн сайт украинхойн хакерша йастарх, хIинца чIагIдо, совгIат дарх хаам – фейк йу бохуш.

  • Кадыров Адама марсхьокху-беттан 15-чохь йиттира КъорIан дагорна Соьлжа-ГIалара СИЗОхь лаьцна латточу Журавель Никитина. Полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх долон, Адаман жоьпалле озон хан тIекхаьчна йац аьлла.
  • Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана ворхI совгIат дира: йуьхьанца республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакхаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира. Цхьадолу билгалдаьхна совгIаташ дала хан йолуш а вац иза.
  • Лахьан-баттахь Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран министро Алханов Адама дIахьедира, Кадыров Адам "Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамзаллин декъан куьйгалхо" хIоттийна аьлла. Оцу заманчохь 15 шо дара цуьнан. Лахьан-беттан 29-чохь хаамбора, дукха хан йоццуш кхоьллинчу нохчийн шейх Мансуран цIарахчу батальонан "куратор" хIотторах Кадыров Адам, батальонан седа а белира цунна. ТIеман министраллина йукъадогIучу оцу декъахь, хIун декхарш хир ду цуьнан, хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG