Францехь нохчий лецар, Мусаева Заремин хьокъехь Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам, Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочунна Закаев Ахьмадана дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 65-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Францихь нохчий лецар
Радикализацина бехкевина нохчийн диаспорин 10 гергга векал лаьцна Францихь стигалкъекъа-беттан 28-чохь, хаамбина меттигерчу France 3 телеканало. Цуьнан хаамашца, ницкъахоша йоккха операци дIайаьхьна масех гIаланашкахь, иштта Реймсехь, Страсбургехь, Тулузехь.
Лецначийн цIераш хууш йац. Царех цхьаъ, France 3 телехьожийло чIагIдарехь, воьзна ву хьехархо Пати Самюэль верца. Кхечу хаамашца, хIара информаци тIаьхьа тIе ца чIагIйира, ткъа талламбар доьзна хила тарло бакъо йоцуш белхаш барца а, адамаш а, герз а дохкарца. Официалехь Францин полицино рейдаш хиларх хаамна комментарий ца йина.
Францихь вехачу Ичкерин векало Албаков Шемала йемалбира нохчий лецарх зорбанаша баржийна хаам. "ХIоразза а, нохчех схьабевлла нах лоьцуш, йоллу йукъаралла бехкейо радикализацина. ХIокху дуккха а шерашкахь и харцо йу оха тхайна тIехь ловш, нийсо а йоцуш, массо а бехке веш, дозанаш доцуш дийцарна", - дIахьедира Албаковс.
Дагадоуьйту, кхо шо хьалха Парижана гена йоццучу меттигехь вийра историн хьехархо Самюэль Пати. Зулам динера 18 шо долчу нохчочо Анзоров IабдуллахIа, лоцучу хенахь вийра тIелеттарг а. ТIаьхьо жимчу стеган дакъа Нохчийчу дIакхачийра, цигахь вазвина, меттигерчу Iадаташца лаьтте кховдийра иза. Йуьхьанца дуьйцура, литературин урокехь Мохьмад Пайхамарна йехкина карикатураш гайтарна Пати вийна бохуш. Делахь а тIаьхьо къаьстира, цунах лаьцна хаамбинчу йоIа харцдерг дийцина хиллий – цхьана а а тайпа карикатураш цо гайтина ца хиллера.
Мусаева Заремин хьокъехь ЕСПЧ-н сацам
Нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн ненан Мусаева Заремин хьокъехь харцонаш лелийна хилар бакъдина Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Страсбургера кхелан сацамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Iедалхой декхаре бу цунна 52 эзар евро компенсаци охьайилла. Кхин а йалх-йалх эзар евро кхачийна Мусаеван хIусамдена, кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, церан йоIана Алияна а.
Бакъду, Украине шуьйрачу тIамаца тIелеттачул тIаьхьа Оьрсийчоьно дуьхьало йина Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбан.
Мусаева Заремин гIуллакхах лаьцна дийцира тхан подкастана лерина цуьнан кIанта, бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара: "Хазахета, дуьненайукъара бакъонан органо рогIера а бакъдина хилар Кадыровн а, цуьнан гонан а лелар низамашкахь цахилар. Оьрсийчоьнан бакъонца а цхьаьна гуш дара уьш харц хилар. Кхин ду, пачхьалкхера Iедалан системех тIеман диктатура йина хилар, ткъа Нохчийчохь – тирани, уьш баша а ца беша ЕСПЧ-н сацамех", - элира Страсбурган кхелан сацамах лаьцна Мусаева Заремин кIанта, бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара.
Карладоккху, 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза.
Пхеа шарна хан тоьхна цунна. Бакъонашларйархошна хетарехь, нохчийн вежарийн-оппозиционерийн нанна тIаьхьабовлар политикан бахьанаца ду аьлла, адвокаташа дIахьедира цуьнан гIуллакхехь дуккха а харцонаш лелийна хиларх.
ЕСПЧ-н материалашкахь кIорггера охьайаздина Мусаева Зарема 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха-Новгородера шайн хIусамехь лачкъорах, Нохчийчуьра даржхоша цунна йина реакцих а. Латкъам бинчара аьрзнаш дора шайна а, шайн доьзалхошна а масийттаза кхерамаш тийсарх хIаллакдийр ду бохуш, Оьрсийчоьнан Iедалхоша инциденташ тергамза йитарх а, аьлла билгалдоккху сацамехь. Дуьйцург ду Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан накъоста, пачхьалкхан думера депутато Делимханов Адама а, кхинболчу лаккхарчу даржхоша а кхерамаш тийсар.
Карарчу заманчохь Мусаева Заремин адвокат хьийза могушалла эшарца доьзна Мусаева хенал а хьалха арайаккха. Диабет токхуш йу и зуда, Iасанашца а халла дIасалела. Кху кIиранах махкара кхело йуха а дIатеттина хенал хьалха иза арайоккхуш чуделла дехар листа. Бахьана дара боху кхеташоне лоьрийн комисси йуккъера цхьаъ лор ца вар. И хаттар луьстуш кхеташо эххар а дIатеттира мангал-беттан 26-чу дийне.
Закаев Ахьмадана дуьхьал гIуллакх
Оьрсийчохь бехктакхаман гIуллакх долийна Украинана агIор тIемаш бечу Ичкерин Къаьстинчу леррина Iалашонаш кхочушъйечу батальонан (ОБОН) шина тIемалочунна дуьхьал. Закаев "Амат" а, Юсупов Мурад а бехкевина террорхойн артиклашкахула, йаздо Кремлехьа долчу зорбанаша. Ичкерин дозанал арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада хаамбира, шен цIе официалан кехаташ тIехь иштта йазйина йу аьлла.
Закаев: "Вай цIера даьхначул тIаьхьа цигахь бина болчу нохчийн дукхахболчийн цIераш Казахстанехь казахаша шайн гIиллакхашца тарйеш йазийна йу: Амат-Ахьмад, Азамат а, ишта нисделла-кх иза.
Украинехь вай беш болчу балхана цхьана а агIор тIеIаткъам бийр болуш дац Ростовехь дIадолийначу бехктакхаман гIуллакхо. Иза, тахана вай тешна ду, муьлхха а маьрша стаг нийсонан агIонхьа хила везаш ву, ткъа нийса агIо - Украинан агIо йу. Тахана оьрсаша цигахь дIахьош болу тIом, иза харц тIом бу, харц идеологина тIехь а бу, цундела цунна дуьхьалойар муьлхха а стеган декхар ду аьлла хета вайна. Цара цигахь лелош долчу гIуллакхашца цхьана а агIор вай Украинехь дIахьочу балхана тIеIаткъам бийр бац. ХIунда аьлча, вай кхузахь вовшахтухуш эскар а ду, кхузахь оьрсийн эскаршна дуьхьало йеш вайн кегийнах а бу, къонахий а бу и болх ишта дIа а хьура бу, дIа бер бу, Дала мукъа лахь. Тахана оцу Ростовехь а, кхечанхьа а Путина дIахьош йолчу политикана шаьш резахилар тIачIагIдан гIерташ наха хьоьгуш долу къа а, наха лелош болу белхаш а цхьана заманчохь церан суьдхо велахь а, прокурор велахь а, талламча велахь а, церан цунах жоп дала дезар ду аьлла тешна ду-кх вай. Дала мукъа лахь, дуьненан йуккъерчу трибуналехь оцу чохь долу хьал листа долийча, цу тIехь таллам беш и дов хьехон долийча, Даламукъалахь".
Карладоккху, Закаевс вовшахтоьхна Къаьстина леррина Iалашонаш кхочушйен батальон Украина Iалашйеш тIемаш беш йу. Цу йукъахь бу беккъа нохчий- Ичкерин маршонехьа берш. Стохка аьхка церан аьтто хилира Белгородан кIоштахь диверси йан: эскархойн кир дIасакхоьхьу машенна уьш тIелатар бахьана долуш Оьрсийчоьнан ши эскархо вийра.
Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана «шеца тIом бан кхайкхира» ОБОН-н эскархой, ишта кхайкхамбира батальон кхоьллина Закаев Ахьмад ве аьлла а, и динчунна Нохчийчохь «цхьа а хIума оьшуьйтур дац ша" аьлла, чIагIо а йеш.
Билгалдоккху, Украинехьа тIемаш беш йу Ичкерин йалх батальон. Шайн Iалашо лору цара Украинана гIо дар, Къилбаседа Кавказ маьрша йаккхар а
Спортан министран керла гIовсаш
Дукха хан йоццуш ша дIалаьцначу мехкан спортан министран даржера Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо долчу кIанта Кадыров Ахьмада бовзийтина шен гIовсаш – Даудов Iумар а, Делимханов-Ахьмад-Хьаьжа а ву и шиъ.
Хьалхарниг – регионан премьер-министр волчу Даудов Мохьмадан кIант ву, шолгIаниг – Оьрсийчоьнан парламентан депутат волчу Делимханов Адаман вешин кIант ву. Кегийнах болу уьш, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьначу кхеташонехь даьхначу суьрташ тIехь шайл а баккхийчу нахана хьалха хиъна Iаш бу.
Делимханов Ахьмад-Хьаьжин ден цIе Амхьат йу. Кавказ.Реалии сайтан хаамшца, Делимханов Амхьат – лакхахь хьахийначу думин депутатан ваша ву, иза а ву Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь белхаш беш. Спортан министран къона гIовс университетехь доьшуш а ву.
Лакхара доьшийла чекхйаьккхина вац ша Кадыров Ахьмад а, пачхьалкхан балха хIуттучу стеган диплом хила деззашехь. Даудов Iумар дешна ву аьлла а дац дуьйцуш цхьанхьа а.
"Википеди" йуккъера Даудовх "товшдоцург" дIадаккха гIортар
Нохчийчоьнан премьер-министр хIоттийна, хьалхо парламентан спикер лаьттина Даудов Мохьмад адамийн бакъонаш хьешарна гунахь хиларх лаьцна оьрсийн маттара "Википеди" йуккъера хаамаш дIабаха гIиртина. "Важные истории" ресурсан хаамашца, хийцамаш бан хьаьжна редактор ву Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан телеграм-каналан чатан а, Yappy (тик-токан Оьрсийчоьнан аналог йу и) машанера Даудовн каналан а администратор.
Даудовх лаьцначу вики-артиклехь "хийцамийн тIом" бина стигалкъекъа-беттан 25-чохь – Нохчийчоьнан премьер-министр иза хIоттинйачу шолгIачу дийнахь. И болх бирзина, шолгIачу дийнахь оьрсийн маттера "Википедин" администраторо оцу артиклана Iалашйен статус хIоттош – и бохург ду, хIинца дуьйна цу тIехь хийцамаш администраторийн бен бан аьтто бац.
Даудов политикан нах байарца а, гейш хIаллакбарца а, Кадыров Рамзанан раж чIагIйарца а воьзна хиларх хаамаш артиклан Iалашйинчу версихь биссина.
Информаци дIайаккха хьийжира ишта Alterbulat ник йолу редактор а. "Важные истории" гIирсана къаьстина Нохчийчуьра финансийн министраллехь а, юридикан министраллехь а белхаш бина Тербулатов Iела иза хилар. Тербулатовн цхьахйолчу телефонаца йоьзна йу Кадыров Рамзанан телеграм-каналера чатан администраторан аккаунт а, Yappy машанера lord95 аккаунт а. Ала дашна, Даудов Мохьмада лелош ю Лорд цIе. "Википедихь" Тербулатовс нисйеш йара, йоллу аьлча санна, Нохчийчоьнца йоьзна артиклаш.
Оханан-баттахь Оьрсийчоьнан парламентехь Нохчийчоьнан цIарах депутат волчу, мехкан куьйгалхочун уллорчех Делимханов Адамах лаьцна оьрсийн маттара "Википедира" артиклехь "хийцамаш бан" хьийзира анониман редакторш. Мел лахара а кхузза гIоьртинера уьш текстера Делимхановс "кест-кеста дIайазйора эскархошца хIиттийна видеош, цара тIамехь дакъа лоцу бохуш кеп хIиттош" аьлла йоза дIадаккха. Оцу тIехула "тикток-эскарш" аьлла цIейахна церан Украинехь.
Сталинна хIолламаш хIиттор – дехка!
Сталинан репрессеш лайначу ГIалгIайчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а бахархоша кхайкхам бина Оьрсийчоьнан регионийн парламенташка а, аннекси йинчу ГIирме а Советан заманахь халкъаш махках дахарна бехкеболчу нехан сий деш урамийн цIераш ма тахка, хIолламаш ма хIиттабе аьлла.
Бинчу кхайкхаман авторш бу – шаьш бераш долуш депортацихь нисвелла, йа цигахь вина ворхI къано, йаздо "Коммерсанто". Цара билгалдаьккхина, тIаьххьарчу итт шарчохь Оьрсийчохь 48 хIоллам хIоттийна хилар Сталин Иосифна. "Нах хIаллакбина, сийсазбина, бакъонаш эшийначу нехан культ йухаденъйеш" йу пачхьалкхехь аьлла, шайн кхерам хиларх далхийна цара.
Депортацеш йинчу нехан сий деш хIолламаш бу, кхайкхамаш бинчара бахарехь, 40 регионехь а, 15 регионалан шахьарахь а. Сталинна хIиттийна хIолламаш къаьсттина дукха Къилбаседа ХIирийчохь а, Дагестанехь а, Якутихь а хилар билгалдаьккхина бала хьегначу наха.
Дагадоуьйту, Сталинан заманахь махках даьккхира 11 къам: немцой, полшхой, финнаш, ГIирмин гIезалой, туркой-месхетинцаш, корейцаш, гIалмакхой, кхарачой балкхарцаш, нохчий, гIалгIай.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: