ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIоштан хиллачу куьйгалхочун кIентий лецна Дагестанехь – церан гергарнаш хилла килсашна, синагогашна тIелеттачарлахь


Сергокалинскан кIоштан хилла куьйгалхо Омаров Магомед, администрацин сайтера схьаэцна сурт
Сергокалинскан кIоштан хилла куьйгалхо Омаров Магомед, администрацин сайтера схьаэцна сурт

Кега-мерса хулиганалла лелийна аьлла административан бехкбилларца Дагестанехь шина денна тIера 13 денна тIекхаччалц лаьцна Сергокалинскан кIоштан хиллачу куьйгалхочун Омаров Магомедан йалх (кхечу хаамашца - пхиъ) кIант. Хьалхо итт дей-буьйсий тоьхна чохь витира Омаров ша а. Кхин а цуьнан цхьа кIант, йишин кIант дакъалоцуш хилла ву ХIинжа-ГIалахь, Дербентехь жуьгтийн синагогашна а, килсашна а тIелатар деш мангал-беттан 23-чохь.

Омаровн йалх кIант лацарх хаамбина пачхьалкхан информин ТАСС агенталло Дагестанан Лакхарчу кхелан пресс-гIуллакххойн куьйгалхочунна Мамаева Заремина тIетевжина. Оцу йукъанна Дагестанера ОНК-н куьйгалхочун гIовса Хадулаев Шемала шен телеграм-каналехь йаздо пхи ваша лаьцна аьлла. Mash Gor телеграм-каналан информацица, пхи ваша лаьцна Советский кIоштан кхело, кхин цхьаъ – ХIинжа-ГIалин Кирован кIоштан кхело лаьцна. Уьш бехкебен кега-мерса хулиганалла бохург хIун ду, хоуьйтуш дац.

"Расуле хатта" телеграм-канало зорбане йаьккхина пхи стаг тIехь видео – цу тIехь цара гечдар доьху "ямартлонца тхан вашас динчу терактана".

Хьалхо хаамбора, килсашна а, синагогашна а динчу тIелатарехь Омаров Магомедан шина кIанта – Османа а, Адиля а дакъалацарх, делахь а, "Коммерсантан" хаамашца, дакъалаьцначарлахь хилла ву Осман а. Ткъа тахана Османов Адиль вийначу пхеа тIемалошлахь хьахош вац Османов Адиль, ТАСС агенталло йаздо хьаькам лаьттинчун цхьана кIанта дакъалаьцна тIелатарехь аьлла, видеокхайкхамехь божарша а вуьйцу цхьа "ваша".

Цул совнах, зорбанан гIирсийн хаамашца, тIелетта кхин цхьаъ Амадзиев Iабдусамад Омаров Магомедан йишин кIант ларалуш ву, делахь а ТАСС агенталло хьаькам лаьттинчун ши стунваша ву хьехориг, церан цIераш а ца йохуш.

Кху деношкахь иштта хулиганалла лелийна аьлла 10 дей-буьйсий тоьхна лецира Омаров Магомед, хаамбора тIелетаршца иза воьзна хиллий хьовсуш талламхоша беш болх хиларх. Терроризмана гIо латтийна аьлла бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айда тарло цунна а.

  • Мангал-беттан 23-чохь суьйранна герзашца волчу масех стага цхьана хеначохь тIелатарш дира ХIинжа-ГIалара а, Дербентера а синагогашна а, килсашна а. Велла цигахь 21 стаг, шайлахь 16 ницкъахо а, масех могIарера стаг, килсан 66 шо долу мозгIар Николай Котельников а волуш. Герзаш диттина вийна тIелетта пхиъ а. Зуламна бехке хила тарло Къилбаседа Кавказера "Исламан пачхьалкхан" гара – "Вилаят Кавказ". Мангал-беттан 26-чохь ООН-н кхерамзаллин Кхеташоно йемалдира Дагестанехь дина тIелетар "ирча, стешха акт" йу аьлла.
  • ТIелатар ма-дарра Омаров Магомедан хIусаме баьхкира талламаш бан, иза ша а хеттарш дан дIавигира. ТIечIагIбазчу хаамашца, хьаькамо дийцина ницкъахошка, шен кIенташка вистхуьлуш ша воцу масех шо а дара, хIунда аьлча уьш вахабиташ бара аьлла. Барт хаьттинчул тIаьхьа кIоштан куьйгалхочун даржера мукъаваьккхира Омаров, иштта "Цхьааллин Оьрсийчоь" парти йукъара а ваьккхира иза.
  • 2018-чу шарахь кхеле ваьллера Омаров искаца, шен сий, доьналла, белхан репутаци а Iалашйар доьхуш. "Оперативан лини" сайтан редакцина тIе жоьпалла дожаде бохура цо – цу тIехь зорбане йаьккхина текст йара, шен бераш хьалакхион ца хиъна хьаькамана аьлла.
  • Дагестанехь тIелатарш хиллачул тIаьхьа мехкан куьйгалхочо Меликов Сергейс дIахьедина, кIоштийн куьйгалхойх а, Халкъан гуламан депутатех а талламаш бийр бу аьлла. Цо бахарехь "леррина талламбар" дIахьур ду масех муьрехь, хьалхара мур болабе аьлла омра дина цо хIинцале а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG