ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъахоша лачкъийначу Сулейманова Седин гIуллакх таллар дахделла - бакъоларйархой


Сулейманова Седа
Сулейманова Седа

Кризисан "СК SOS" тобано дIахьедина, Нохчийчуьра йахархо Сулейманова Седа къайлайаккхарца доьзна гIаттийна бехкзуламан гIуллакхехула талламабар йуха а дIадахдина, цунах лаьцна цхьа а хаам бац аьлла. Кхаьстинарг ду, бехктакхаман гIуллакх айдале кхо бутт хьалха Сулейманован везаре а, доттагIчуьнга а хеттарш дар.

Хууш дац, билгалдоккху бакъоларйархоша, Седин гергарчаьрга барт хаьттиний а. Цул совнах, "СК SOS" тобано хаамбина, гIуллакх Сулейманован доттагIчо Патяева Еленас чуделлачу кехатца айдинехь а, оцу гIуллакхехула волайнарг йу аьлла, лерина йоьIан нана. Ткъа цо шен йоI йарца доьзна Iедале дIахьедина а ца хилла.

Патяевас петици йукъайаьккхира Оьрсийчоьнан Талламан комитетан цIарах, талламбар шайн контроле эцар тIедожош.

Сулейманова йарца доьзна бехкзуламан гIуллакх толлур долуш ду стаг вер аьллачу артиклехула. Зазадокху-бутт бовш диллина ду и – эзара бахархоша дехар дан дезаш хиллера гIуллакх доладайта. Материалашкахь дIахьединраг Седин уллора доттагI Патяева Елена йу аьлла ду, хьалхо цуьнгахьа хIитточу акцешка йуьйлура иза, оцу тIехула лацар нисделира.

Стигалкъекъа-баттахь хеттарш дира Патяева Елене, цул а хьалха Нохчийчу йеара иза цунна лерина, мангал-баттахь левира Сулейманован везар Кудрявцев Станислав.

  • Мангал-беттан 23-чохь Сулейманова Седа а, Кудрявцев Станислав а дIадигира Санкт-Петербургера петарчуьра веа стага, царех шиммо шаьшиъ полицин белхахо ву элира, бисинарш могIарерчу нехан духарца нохчий бара. Станислав тIаьхьо дIахийцира, ткъа Седа лаьцна йитира йеза хIуманаш лечкъийна, Нохчийчуьра арайаьхна цо аьлла. Бакъоларйархошна хетарехь, къоладарх гIуллакх шайггара кхоьллина хиллера – Нохчийчохь нах лачкъочу хенахь лелош хIума ду и.
  • Мангал-беттан 25-чохь Соьлжа-ГIалахь хеттарш дира Сулеймановага уллохь адвокат а воцуш. Иштта цуьнга кехатана куьйг йаздайтира, адвокатан накъосталла оьшуш дац аьлла, и кехат а цхьана адвокат воцуш йаздеш доццушехь. Лейинчул тIаьхьа полицин декъера арайолучу хенахь гергарчийн карайелира Сулейманова – девешин а, дейишин а, адвокаташ ца кхиира цуьнца цхьаьнакхета.
  • Гезгамашин-баттахь Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура видео зорбане хIоттийра, шен Сулеймановаца хилла цхьанакхетар гойтуш. Цо чIагIдора, иза "кхерамзаллехь йу" бохуш, амма шега йоIе дош ца кхачийтира. ХIетахь дуьйна цунах лаьцна хууш хIума дац.
  • "СК SOS" тобанан бакъоларйархоша хьалхо дийцира Сулейманова йийначух тера ду аьлла – и хаам цаьрга бинера республикера йозуш йоцчу шина хьасто. ЙоьIан гергарчара дIахьедо, чиллан-беттан 5-чохь иза цIера йуха а йеддера аьлла, амма организацин белхахоша чиллан-беттан 5-чохь цуьнан гергарчаьрга телефон тоьхнера. Цара аьллера, йоI шайна уллохь йу, амма телефонехула йистхила цунна ца лаьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG