Нохчийчохь – тIом болабелчхьана кхоалгIа дронашца тIелетта, "Ахмат" спецназан командирана Алаудинов Аптина кхин а цхьа совгIат делла, Украинехь тIом боьдучу йукъанна Кадыровс шен тIеман дакъош кхузза алсамдаьхна, ткъа цуьнан йоIа кху деношкахь шен доттагIашна ах миллион мах болу хIазарш делла. Цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду Маршо Радион 93-чу подкастехь.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:
Дронашца Нохчийчоьнна тIелатар
Украинехь тIом болабелчхьана Нохчийчохь кхузза тохарш дина дронашца, виъ эскархо лазийна аьлла дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Буса динчу тIелатарх йаздира масех зорбано а. Тхан редакцин хьасташа а тIечIагIбира и хаам. Жимма хан йаьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а бакъдира и.
Официалан хаамашца, дрон чуйаийтина Кадыровн цIарахчу лерринчу полкан казармашна тIехулара. Ха дечарна к1ез-мезга чевнаш йина, аьлла Кадыровс. Ишта кхечу гIишлойн тхевнаш а, кораш дохийна, "жимма цIейаьлла" а хилла.
Цул совнах, шолгIа тохар дира Къилбаседа-ХIирийчохь – Моздокан кIоштахь кхоъ дрон йохийра, велла-лазийна стаг вац, йохийна гIишлош йац аьлла дIахьедира республикан куьйгалхочо Меняйло Сергейс. Амма цхьа а тоьшаллаш ца далийра цо. Кху аьхка регионехь кхузза йукъахдаьккхира дронашца дан лерина тохарш, цу хенахь дронийн Iалашо йара Моздокан кIоштара тIеман кеманийн база х1аллакйар. Цигахь латтош ду Оьрсийчоьнан стратегин кеманаш а, ишта тайп-тайпана беракеманаш а.
ГIуран-бетта 4-хь полицин шолгIачу ППС-н лерринчу полкан гIишлонна тIейуьйжира дрон, йаздора Радио Маршонан оьрсийн сервисо. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира лазийна нах бу аьлла, амма маса ву уьш, билгал ца даьккхира. Оцу йуккъанна, Кадыров Ахьмадан цIарахчу лерринчу полкан командирна Чалаев Замидана маршалла дойла бохуш, йозанаш даьржина социалан машанашкахь нохчашна йуккъехь.
Цул а хьалха, гIадужу-бутт бовш, дроно дина тIелатар бахьана долуш, Гуьмсерчу "спезназан университетан" тхевнах цIе кхерстира. Зен-зулам дина аьлла, хаамаш ца бира.
Дронаша Нохчийчохь дуьххьара тохар динчул тIаьхьа, Кадыров Рамзана омра дира Украинехь тIом бечу нохчийн тIеман дакъошка, ВСУ-н салтий йийсаре ма леца аьлла. Амма бакъду, масех де даьлча, йухаийцира цо ша тIедиллинарг. Дахначу кIиранах Нохчийчоьнан куьйгалхочо бохура, лецна болу украинхойн йийсархой гIаькхнаш санна лелон Iалашо йу шен аьлла. Соьлжа-ГIалара коьрта гIишлойн тхевнаш тIе дIахIиттор бу ша уьш элира цо.
Нохчийчохь тIом баьлла 30 шо
30 шо хьалха болабелира Нохчийчохь хьалхара тӀом. 1994-чу шеран гIуран-беттан 11-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президентан Ельцин Борисан омрица республике чуйеара оьрсийн тӀеман техникан ковранаш, "конституцин къепе меттахӀотто" дохку шаьш аьлла.
ТIом болабалале хьалха йуьйхира Нохч-ГIалгIайн АССР шина субъекте: Нохчийн а, ГIалгIайн а республикаш аьлла. Нохчийчохь дIакхайкхийра шаьш Оьрсийчоьнах дIакъаьсташ ду аьлла. Советан Iедал доьхначул тIаьхьа 1991-чу шеран гIуран-баттахь Соьлжа-ГIалин а, Кремлан а йукъаметтигаш ийгIира, цигахь аьттехьа а реза бацара республикина маршо йала.
1994-чу шеран лахьан-беттан 26-чу дийнахь Оьрсийчоьнан эскарша,хӀетахьлерчу Ичкерин президент волчу Дудаев Джохарна дуьхьал долуш санна кеп а хIиттош, Соьлжа-ГӀала чубаьхкира политик даржера дӀаваккха дагахь. Оцу операцехь эшначул тӀаьхьа йийсаре лаьцнера 21 танкхо. Уьш цӀа берзийра 1994-чу шеран гIуран-беттан 9-чу дийнахь.
1994-чу шарахь гIуран-беттан 11-чу дийнахь Iуьйранна оьрсийн эскарш кхаа агӀорхьара чугIоьртира Соьлж-гӀала: Буьри-ГIалара ГӀалгӀайчухула, Къилбаседа ХӀирийчоьнан Моздокан кӀоштара а, Дагестанера а. И терахь лоруш ду официалехь, цхьана шарахь эха шарахь сов лаьттина тӀом болабелла хан.
Кеп-кепарчу хьесапашца, тIемаш бахьана долуш а, даим а Оьрсийчоьнан эскарша тIейеттарна а республикехь велла лоруш ву 30-на тIера 40 эзаре гергга маьрша вахархо. Амма билггал долу терахь тахана а хууш дац.
1996-чу шеран марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийн Ичкерия республикана а юкъахь Хасав-Юьртан бертан дийцарш дира. Бертана куьйгаш йаздира Нохчийн Ичкерин Республикин тIеман ницкъийн штабан хьаькамо Масхадов Аслана а, Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретаро Лебедь Александра а. Оцу документана куьйгаш йаздарца официалехь бирзира хьалхара тIом. Кхо шой, ахшой даьлча - бина хилла барт буьйхира – I999-чу шеран гIуран-баттахь федералан эскарш йуха а Нохчийчу дигира.
Хьанна оьшуш бара и тIом, хIокху 30 шарахь дуккхаъчу нохчашна Керла шо деза де санна стенна ца хета а дийцира тхан редакцига гоьваьллачу историко, "Кавказан хроника" подкастан авторо, Ичкерин президент хиллачу Масхадов Асланан пресс-секретарь хиллачу Вачагаев Майрбека. Цуьнан къамелан цхьа кийсак йу хIара:
"Со Нохчийчохь вара, де хьалха Москвара цӀа кхаьчна, цигахь аспирантурехь доьшуш вара со. Цу дийнахь жимачу транзисторан радиога ладоьгӀуш 1ара со, иза вуно ледара болх беш йара, цу тIе атта дацара хьайна оьшу тулгIе лаца а. Суна хезира Маршо Радион корреспондентийн хаамаш, оцу оьрсийн ковранца цхьаьна Нохчийчохь хиллера уьш. Аьлча а, цхьа онлайн-рожехь хуьлуш хIума дар-кх и. Ца кхетара хьо хуьлучух. Дог доьжна дара, со т1е ца кхуьура, муха кхетон деза, Оьрсийчоьнан эскар со, сан доьзал, сан эвла, сан мохк хIаллакбан догIуш ду бохучух. Кхин дIа хIун дан деза а, хууш вацара со. Кхеташ дара, эскар йухадер доцийла, амма хIетте а сатийсам бара: хӀун хаьа, тIаьххьарчу мIаьргонехь Оьрсийчоьнан президентан ойла хийцайала а ма мега, бохуш".
Кадыровс шен тIеман дакъош кхузза шордина
Украинехь тӀом боьдуш Кадыровс кхузза алсамдаьккхина шен Ӏуналлехь долчу тӀеман дакъийн терахь. Цунах дуьйцу "Проект" зорбанан гӀирсо шаьш бинчу керлачу талламехь. Церан терахь хIинцале а ткъанне хьаладаьлла.
Журналисташа динчу зерашца, Украинина буьззинчу барамехь тӀелатар доладалале Кадыровс шен Ӏуналлехь латтош дара Нохчийчуьра Росгвардин 6 дакъа а, полицин полк а. 2024-чу шеран чиллан-беттан 24-чу дийнал тӀаьхьа кхин а йалх дакъа кхоьллира тӀеман министраллан куьйга кӀел, шиъ Къоман гвардихь. Цул сов, Росгвардин кхин а шина полкан коьртехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллора накъостий бара, ткъа хӀинца керла полк кхолла дагахь бу уьш. Цу кепара, "Кадыровн эскаран" дакъош ворхӀана тӀера ткъанне девлла.
Дуккхаъчу дакъойн командираш бехке беш бара Украинехь тӀеман зуламаш дарна а, Нохчийчохь адамашна тӀехь Ӏазап латторна а, Кадыровн интересашкахь нах байъарна а.
Кадыровн коьртачу дакъошна юкъахь йу махкахь тайп-тайпанчу регионашкара "лаамхойх" йуьзна ""Ахмат" "спецназ". Гуьмсехь "спецназан университетехь" Ӏамораш д1адаьхьначул тӀаьхьа тIамтIе дӀахьийсош бу уьш.
Проекто дийцарехь, "Ахмат" спецназ йу карарчу хенахь Курскан кӀоштахь тӀемашкахь дакъалоцуш йерг, ткъа Нохчийчуьрчу бахархойх лаьтташ долу дакъош, тыле йухадаьхна.
"Ахматан" буьйранча Алаудинов Апти - Кадыровн гергарчу гонера стаг ву. Цо иштта дӀалоцу тӀеман министраллехь доккха дарж а. Кху кӀиранах Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Алаудиновна инарла-лейтенантан тӀеман дарж делира. Документехь ца гайтина даржехь лакхаваккхаран бахьана, Алаудинов воцург, Къилбаседа Кавказера кхин а цхьа могӀа эпсаршна керла даржаш кхаьчна.
2022-чу шеран мангал-беттан 25-чу дийнахь Украинин кхерамазаллин сервисо Алаудиновн цIе йаьккхира, Украинин дозана тIелатарна а, пачхьалкхан суверенитет йохо гIортарна а, цунах шайн шеконаш йу аьлла.
2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто санкцийн тептаре йазвира иза. Жимма тӀаьхьа цунна дихкира Латви вар а. 2020-чу шарахь Британин санкцеша лецира Алаудинов, ткъа 2023-чу шарахь Украинин.
Кадырова йоIа Cartier бархI хIоз белла доттагIашна
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоккхаха йолчу йоIа, ишта республикехь вице-премьер йолчу Кадырова Ӏайшата шен доттагIашна совгIатна белла гӀараяьллачу Cartier брендан бархӀ хIоз. Можа дешех бинчу цхьана хIозан мах болало 3,6 эзар долларшна тIера, Оьрсийчоьнан соьмашкахь аьлча – таханалерачу курсаца 385 эзар сом хуьлу и. Пачхьалкхан белхахочо и совгӀаташ мича ахчанах эцна, хууш дац.
Кадырова Ӏайшата шен Инстаграмехь зорбане даьккхира шен доттагIашца цхьатерра хIазарш доьхкина даьккхина сурт. Иштта, цига кхайкхина хиллачу хьешех цхьаммо зорбане йаьккхинера, совгIат схьадостуш йазйина видео. ХIора йоIана лерина стол тIера бошхепахь кечдинера совгIат. Зорбане даьккхинчу цхьана суьрта тӀехь иштта дуьйцу, и цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг Кадырова Ӏайшат йара бохуш.
Оцу суьрта тIехь мехкан куьйгалхочун йоьIан пхьаьрсах а гуш бу изза хIоз, амма кӀайчу деших бинарг – цуьнан мах бу официалан сайта тӀехь 14,2 эзар доллар (цхьа миллион ах миллион сом сов).
Кадырова Ӏайшата стохка официалехь ша мел ахча даьккхина, деклараци тIехь ца гайтира, амма 2021-гӀа шо чекхдолуш, культурин министран даржехь ша йолчу хенахь, цо шарахь даьккхина хилла 44 миллион сом. И барам 12 баттахь 50-зза сов алсамбаьллера, бакъду, хууш дац, хIун дина цо даьккхинера оццул ахча. Нагахь санна, Ӏайшатана тIебогIу пайда хьалхалерра белахь, тӀаккха цо шен доттагIашна хIазарш оьцуш дайъина беттан алапа (3,2 миллион гергга сом). Кадыровн йоккхаха йолу йоӀ Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршна юкъаэцна йу.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте: