Нохчийн оппозиционераша дийцина, полисхоша ницкъбина стаг валарх, Немцовн гIуллакхехула таIзар динарг Нохчийчу дехьаваьккхина, Кадыровс дIахьедина керла полк вовшахтоьхна аьлла – цунах а, и доцчух а дуьцур ду шуна Маршо Радион 107-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Полисхоша гIело йинарг велла
Нохчий ноппозицин NIYSO боламо дIакхайкхийна хьалхо республикехь лачкъийна хилла Домбаев Аслан кхелхина аьлла. Жигархойн хаамашца, цунна тIехь ницкъ бина полицин декъехь, иза кхетамчуьра валлалц. Кхечу хьасташа хIара дуьйцург бакъдина дац цкъачунна. NIYSO-но регионерчу хьасташна тIетевжаш, кест-кеста хаамаш бо Нохчийчохь нах лечкъорах а, Iазапаш латторах а.
Жигархоша чIагIдарехь, Хьалха-МартантIера вахархо Домбаев лачкъийнера Шелара полицин декъан белхахоша чиллан-беттан йуккъехь. Цунна кхерамаш тийсира шайггара кхоьллинчу бехктакхаман гIуллакхца лоцур ву, нагахь санна Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал бечу тIаме ваха иза реза ца хилахь аьлла. ТIехь ницкъ бинчул тIаьхьа Домбаев чолхечу хьолехь дарбанан цIийне валийнера. Цуьнан чуьйраш а, кхинйолу кийрара меженаш а «цистина» хиллера, дIахьедира NIYSO-но.
Нохчийчоьнан Iедалхоша а, федералан структурийн векалша а дош ца элира, махкахь адамашкахь гIело латтош хиларх лаьцна канало бечу хаамех лаьцна.
Кху кӀиранах иштта дийца даьккхира Нохчийчуьра набахтехь латточу тутмакхаша латкъам барх. Кадыровга хьажийна къамел динера цара, набахтехь шаьш гIад дайначу хьелашкахь латтош хиларх а, шайгара ахчанаш дахарх а лаьцна дуьйцуш. NYISO боламо а цхьаьна зорбане даьккхинчу тутмакхашкара кехат тӀехь ишта чӀагӀдо, колонин куьйгалхочо Муртазов Аслана а, цуьнан гӀовсо Мутуев Ахьмада а шайх лаьцна "дика кехаташ" хIитториг, бӀеннаш эзарнаш ахчанаш доху шайгара бохуш.
И ахча царна дехьадоккху тутмакхийн гергарчара, амма администрацино шаьш дийр ду аьлла тIелаьцнарг кхочуш ца до, йуха а кхаьънаш доху цаьргара. Цул сов, тутмакхашка ахчанаш гулдойту набахтера хIусамаш тойан оьшу бохуш а. Иштта латкъамаш бо цара гергарчара шайна кхоьхьуьйту тIоьрмигаш халла бен шайга схьакхачош цахиларна а, шайн хIуманаш лечкъорна а. Оцу кехатана куьйгаш йаздина 30 сов стага.
Шайга и хаам хьаьнгара кхаьчна а ца дуьйцуш, NIYSO -но дӀахьедина, тутмакхаша аьрзнаш динчул тIаьхьа церан гIуллакх кхин а тIе галдаьлла аьлла. Тутмакхаш чохь латторан хьелаш чӀагӀдина, кху Мархийн баттахь кхачанах баьхна уьш, иштта цIера кхоьхьуьйтург чу луш а йац, туькана бохуьйтуш а бац аьлла. ТаӀзарш кхочушдаран Федералан урхалло комментари йеш йац номер 2 йолчу Чернокозовера набахтехь хӀоьттинчу хьолана. Нохчийчоьнан Ӏедалш а тийна 1а, оцу хаамах лаьцна цхьа а дош ца олуш.
Немцов верна бехкевинарг Нохчийчу дIавигина
Оппозицин политик Немцов Борис верна бехкевинчу Нохчийчура Бахаев Хьамзатан аьтто баьлла, даймахкахь йолчу набахте ша дехьаваккхийта. ХIинца шен цӀенна а, гергарчу нахана а уллохь ву иза. Оьрсийчохь бехке бинчу кхечу Къилбаседа Кавказера бахархошна дукха хьолахь цу кепара бакъо луш йац.
Пачхьалкхан РИА Новости агенталло хаамбарехь, билгалдаьхна доцучу кхелан документашна тӀе а тевжаш, Бахаевс латкъам бинера, Нохчийчоьнна ши эзар сов чаккхарма генахь йолчу Кировн кӀоштарчу Кирово-Чепецк гӀалара колонехь ша латтор бахьана долуш шен доьзалца а, гергарчаьрца а уьйраш латтон ницкъ ца кхочу шен аьлла.
2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь кхело таIзар кхочушдаран Федералан урхаллина тӀедиллинера Бахаев дехьаваккхарца доьзна хаттар йухалистар, цу хьукматера цунна лерина пхи эзар сом ахча охьадилла а аьллера. Эххар а ФСИН реза хилира таIзар токхуш верг Нохчийчуьра Чернокозовера номер 2 йолчу колони дехьаваккха. Амма Бахаевс йуха а латкъам бира, кхелан сацам кхочушбина ца бовлуш цара дуккха а хан йаьккхира, цундела шена 100 эзар сом охьадиллийта аьлла. Бахаевн и дехар кхочуш ца дира.
ТаӀзар кхочушдаран Федералан урхалло кест-кеста дуьхьало йо кхеле хIиттийна Къилбаседа Кавказера бахархой, уьш бехачу цӀенна герга йолчу колоне дехьабаха, цунах лаьцна тхан редакцино масийттаза йаздира. Масала, ГӀалгӀайчуьра Дидигов Зураб а, иштта Нохчийчуьра Баканиев Салахь а, Дахтаев Албек а Iоттавелира оцу проблемица.
Бахаев Хьамзатна 11 шо хан туьйхира Немцов верца доьзна гIаттийначу гIуллакхехула бехке а вина. Кхел йоьдучу хенахь политикан доьзалан адвокаташа дӀахьедора, зулам къастийна дац, Бахаевн бехк а тӀечӀагӀбина бац бохуш, билгалдоккху "Кавказский узел" ресурсо.
Керла полк вовшахтоьхна Нохчийчохь
"Ахмат-Кавказ" цӀе а йолуш, керла полк кхоьллина Нохчийчохь Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан декъехь. ДIахIиттийначу эскархошна хьалха къамел дечу мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, цуьнан дешнаш даладо ас кхузахь, "оццул болчу ницкъаца вайн Киеве кхача йиш йу". Хьалхо Кадыровн дакъошна "тикток- эскарш" аьлла цӀе тиллинера, шаьш куп тоьхначу меттигашкахь суьрташ хIиттош видеош йахарна. Бакъонашларъярхоша а, жигархоша а хаамаш бора, регионера бахархой нуьцкъаша тӀаме хьийсош бу бохуш.
Росгвардин декъехь хиллачу 249-чу къаьстиначу "Юг" батальонан коьртехь хилла Межидов Хьусейн хӀоттийна "Ахмат-Кавказ" полкан буьйранча. Стохка аьхка цу декъера цхьа эскархо хаавеллера Курскан кӀоштарчу мобилан телефонийн туьканахь къола деш.
Кху кӀиранах Кадыров Рамзана "Нохчийчоьнан Турпалхо" цӀе йелира "Аид" тобанан командирна Юнусов Бекханна.
Цхьана хенахь полисхо хилла ву иза Москван кIоштахь, кхел а йира цунна шегарчу бакъонел тIехвийларна а, курхаллаш лелорна а. ХӀинццалц Юнусов кест-кеста гуш хуьлура пропагандин телеграм-каналашкахь а, нохчийн Ӏедалан социалан машанашкахь а.
Юнусов воцчунна, "Нохчийчоьнан Турпалхочун" седарчий декъна иштта "Ваха", "Охотник", "Батя" цIераш йолчу тобанийн эскархошна а цхьаьна. И дакъош а ду, "Аид" санна, нохчийн "Ахмат спецназан" декъехь Украинана дуьхьал бечу тӀамехь дакъалоцуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграм-каналехь хаамбира совгӀаташ декъарх лаьцна.
Юнусов Бекхан полицехь болх бина ву, 2016-чу шарахь социалан машанашкахь аккаунт схьайиллира цо "Жнец" аьлла, шена цӀе а тиллина. Наркотикаш лелочу меттигашна тӀелетара иза, цу чохь болчу нахах лета а леташ. 2018-чу шарахь шен даржах пайда а оьцуш, харцонаш лелорна бехкевинчу Юнусовна набахтехь даккха диъ шо туьйхира.
Кадырова Iайшат а, минералан хиш а
Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIах, 26-шо долчу Кадырова Iайшатах ша цхьаъ бен йоцу долахо хилла "Нохчийн минералан хиш" компанин. Цунна и кхаьчна заздоккху-беттан 11-хь мехкан вице-премьеран дарж дитина ши кIира даьллачул тIаьхьа. 2007-чу шарахь компани кхоьллича дуьйна схьа цуьнан дола деш йара санкцеша лаьцна йолу Кадыровн цIарах фонд.
Кадырова Iайшатана и компани дIайелла хиларх тидам хилира "Верстка" гIирсан. "Контур.Фокус" сервисан журналисташна тIе а тевжаш, билгалдоккху, тIаьххьарчу пхеа шарахь оцу компанина хуьлу са шозза сов йаьлла хилар.
2020-чу шарахь Кадырова Iайшат Нохчийчоьнан культуран министран гIовс хIоттийра, ткъа 2021-чу шарахь оццу министраллин куьйгалле хIоттийра иза. Цу даржехь иза лаьттира 2023-гIа шо кхаччалц, цул тIаьхьа цунна кхечира республикан вице-премьеран дарж. Оцу даржехь цо социалан агIонан Iуналла дийр ду аьлла, кхайкхийна дара.
ТIаххьара дарж ша охьадилларх дIахьедира Кадыровас чиллан-бутт бовш, кхетийра, цу кепара болх онда ницкъ болчу боьршачу стагехь товш бу аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIа элира, ша хIинца йеккъа цхьа бизнес лело дагахь йу аьлла, шайлахь Firdaws модан цIа а долуш.
Iайшатан цIийнда Мацуев Висхан Iедалан балхахь вуьсуш ву – 2023-чу шеран товбеца-баттера схьа дуьйна Нохчийчоьнан вице-премьеран а, йуьртбахаман министран а даржаш а ду цуьнгахь. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан пачхьалкхийн а, Японин а санкцийн тептаршкахь йу Кадырова Iайшат. Иштта санкцеш кхайкхийра цуьнан Firdaws модин цIенна дуьхьал а.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: