ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Волайнхочун ваша лаккхара даржхо хиларна Нохчийчоьнан вахархочо латкъам бина харц кхел йарна


Нохчийчуьра Лакхара кхел, Соьлжа-ГIала
Нохчийчуьра Лакхара кхел, Соьлжа-ГIала

Шен гIуллакх таллар кхечу регионехь хилийта аьлла тIедожийна къоладарна бехкевечу Нохчийчуьра вахархочо Бесаев Руслана. Бахьана ду – волайнхо –"Цхьааллин Оьорсийчоь" партин муниципалан депутат Насуханов Султан хилар, ткъа цуьнан ваша хьалхо Нохчийчуьра Конституцин кхелан суьдхо лаьттина ву. Оьрсийчуьра Лакхарчу кхеле кхаьчна Бесаев, амма цунна дуьхьало йина цигахь.

Латкъамехь бехкевечо билгалдаьккхина, бехктакаман гIуллакх нийсонца толлур дац махкхь дитахь, хIунда аьлча, нохчийн кхелашна Iаткъам бан тарло, цара хIинцале а гойтуш ду шаьш озабезам беш хилар.

"Нохчийчуьра бакъоларйаран органашкахь а, кхелан Iедалан органашкахь а уьйраш йолчу Насухановн а, цуьнан доьзалан а агIор Iаткъам бу беш и гIуллакх луьстучу кхелахошна", - дIахьедина бехкевечо. Тоьшаллина цо дIахаийтина адвокатан доллу дехаршна дуьхьало йеш хилар. Бесаевн адвокато доьхура цо дина боху зулам хийцахьара бохуш.

Йиллинчу хьасташкара хаамашца, Насуханов Султан Гуьмса кIоштан депутат ву. Оцу йукъанна цуьнан хила тарлун ваша- ден цIераш цхьатерра йу церан - Насуханов Ваха Нохчийчохь Конституцин кхелан суьдхо лаьттина ву. Ткъа 2022-чу шеран лахьан-беттахь мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан хьехамча хилира цунах ницкъаллин блокехула. Шен ден – Кадыровт Ахьмадан команди йукъара "уггар а хьакъверг" ву иза бохура Кадыровс. Цул а хьалха Гуьмса кIоштан куьйгалхо а, Нохчийчоьнан парламентан спикер а вара Насуханов Ваха. 2005-чу шарахь республикин лаккхара совгIат дира цунна - Кадыров Ахьмадан орденца.

  • Пачхьалкхан кеп-кепарчу тIегIанера даржашкахь Нохчийчохь ву КадыровгIеран I00 ца кхоччуш гергара стаг – бераш, йижарий, невцарий, йишин-вешин бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира КадыровгIеран цIийнах мел волчу, республикин пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечех дуьззина тептар.
  • Шайна-хетарехь, бакъо йоцуш латтанан дакъош схьадахорана тIехула Нохчийчуьра ГIойтара бахархой бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даккхийта хьийза пхи шо а ду. Цара дIахьедарехь, Хьалха-Мартанан хиллачу куьйгалхочо Алаудинов Iабдуллин тIедилларца хьаькамаша харц кехаташ хIиттийна хилла. Талламхой дуьхьал бу и гIуллакх листа, кхело и низамехь дац аьлла тIечIагIдиннашехь.
  • "Проект" гIирсан журналисташа шаьш бина таллам арахецна, цуьнан коьрта турпалхо ву Кадыров Рамзан. Материалехь дуьйцу цуьнан Iедалан коьрте варах, дуьхьалончаш байъарх, шен куьйгакIел йолчу фирмашкахула а, къайлабаьхьначу нахехула а ахчанаш эцар, цуьнан гаремах лаьцна а – берхIийттта шаре а бовлазчу хенахь Кадыровна бераш динчу цуьнан масех зудчух лаьцна а. Нохчийн эксперташка хаьттира Кавказ.Реалии сайто, муха тIеийцира цара и таллам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG