ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берашкара даьллачух жоп доьху дай-наношкара


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу цхьаьнакхетарехь. 11.02.2017.
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIаларчу цхьаьнакхетарехь. 11.02.2017.

Кегирхой кхетош-кхиоран болх жигара дIабоьдуш бу Нохчийчохь. Цу хьокъехь рогIера цхьаьнакхетар дIадаьхьира еарин дийнахь кегийрхойн министерствохь. Лаккхарчу Iедалера векалш а болуш, иза цхьанатоьхнера нохчийн юкъараллин гIуллакхъхоша. Иштта цига шайна лаамца баьхкинера Шема дIабаханчеран наной. Царна лиънера, шайн берашкара даьлларг довзийта.

Хьехамашка ладогIа гулбинера цхьацца лаккхарчу дешаран кхерчашкара кегий нах а, зудабераш а. Ша вистхуьлуш динехула Iедалан департаментан куьйгалхочо Абазов Рустама дIакхайкхийра, гал а ваьлла, нийса ког ца баьккхинчунна низамо магош долу таIзар дина а ца Iаш, цуьнах жоьпалла дена-нанна а тIехь ду аьлла.

Абазов: «Айфон чохь ваьллачу стагана турпалхо веза. Иза царна караво Шемахь хиъна Iаш. Цо цуьнан коьртана Iаткъам а бо, тIаккха цо магадо шен да а, нана а ден а. Дас-нанас ца деш долу Iуналла ду иза. Ас а, вай а дина цаьрца къамел. Вайн ворхIе дас а, церан ворхIе дас а шайн бераша динчух жоп луш схьадогIуш ма ду даима а».

И кхеташо дIахьочу журналиста, бакъонашларъярхочо Саратова Хедас халахетарца билгалдаьккхира дукха хан йоцуш Шемара Iедало цIа балийначу зударех цхьанна а ца лиъна аьлла оцу кхеташоне бахка. Иза цара баркаллин метта дан дезара, бохура цо. Иштта хаам бира Соьлж-ГIалара цхьана колледжера масех дешархо а, терроран тобанашца уьйраш ю аьлла дIалаьцна хилар.

Цуьнах дерг муха ду дийцира оцу колледжан векало. Цо а билгалдаьккхира массо а хIуманна ден а, ненан а бехк хилар.
Колледжан векал: «И бераш доьшучу хенахь дигина дац. Уьш мукъачу хенахь дIадигина ду. ЧIогIа дикачу доьзалера бераш а дара уьш. Цхьаьннанда зуькрехь-зератехь а ву. Вайн дай-наношна моьтту бер чохь хилчхьана кхерам бац. Дас-нанас бохург мостагI а тарлой, цара бохург тидаме а ца оьцуш, интернетехь бохучух теша».

Оцу кхеташоне баьхкинчу наноша а къамел дира микрофон кар-кара а луш. ХIораммо шен-шен бохамех дуьйцура. Варийлаш, Iеха ма лолаш, элира хIокху зудчо.

Шема дIаяханчу йоьIан нана: «Хьовсал хIокху суьрташка. Цхьанна а йоьIан, цигара цIа балийначеран бIаьргаш чохь синкъерам бац шуна. Тахана тхо наной, цкъа а хIун ю ца хиинчу интернетехь дохкуш ду шуна, тхан бераш-м дац теша уьш бохуш лоьхуш. ХIора беран юьхь-сибат гича, тхайниг дуй теша иза бохуш лелаш ду шуна тхо. Тахана шайн дайн-нанойн ойла елаш».

Джамиля цIе йолу Дагестанера яхархо а еънера оцу гуламехь дакъалаца. Шен йоI токхо а, таро а, кегий бераш а долуш ирсе доьзалехь ехаш яра, амма иза а Iехийна шен майрачуьнца Шема яхийтина, бохуш, шен масал далийра цо.

ГIалгIайн махкара яхархо а яра оцу цхьаьнакхетарехь дакъалаца еана. Цо а лакхахь ма-дийццара, къамел дира.

Саламова ПетIамат цIе йолчу зудчун йоI ю Шема а яхана, берашца карош йоцуш. Иза цига хьажийнарш зударий бу. Ахчанах бохкабеллачу нахах ма тешахьара шу бохура цо.

Саламова: «Дала мукъ лахь, ас сайн йоI схьа а лохур ю, иза цига яхийтинарш а лохур бу. Ас доьху шуьга ма тешалаш царех. Уьш бохкабелла нах бу шуна».

ХIара тайпа цхьаьнакхетарш сих-сиха дIахьор долуш ду массо а маьIIехь. Кегийрхой шайн агIор баха онда болх беш ду меттигера Iедал. Амма хIетте а, еккъа цхьана интернетехула уьш шайна тIекIабан исламистийн тобанийн аьтто муха болу, схьахетарехь, тIаьхьакхуьуш бац кхузахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG