Бовза шайна: Путинан закъалтхой!

КохIвер Эстон, Сенцов Олег, Савченко Надежда.

Полицин белхахо, кинон режиссер, кеманхо. Уьш берш Оьрсийчура режимо ямартлонца лецна закъалтхой бу. Царах лаьцна блог язйина Маршо Радион корреспонденто Уитмор Брайана.

Уитмор Брайан.

The Daily Vertical лого -- Уитмор Брайан.

Путинан закъалтхойх цхьаъ полицин эпсар ву, шолгIа режиссер ву, кхоалгIа ю кеманхо. И кхо стаг харцонца лачкъийна чувоьхкина латтош ву кехчу пачхьалкхан набахташкахь. Церан дахар дохийна, церан бакъонаш йохош ю, церан кхане муха хир ю хууш дац.

Бовза шайна Путин закъалтхой. Ши стаг а, цхьа зуда а. И нах бохам баьлла бу дуьненаюкъарчу бакъонашна а, кепашна а, низамашна а дуьхьал джихад дIахьочу Кремлерчу лидерх.

Кху тIаьхьарчу масийтта шарахь дуккха а инзаре цецвокху а, синтем бойу а хIуманаш лелийна Путина. Уггаре а хьалха Европерчу кхечу пачхьалкхан территори дIалецира цо, ХIитлер Адолфа иза динчу хенахь дуьйна дуьххьара. Эзарнаш нах а бойуш, тIом болийра цо Украинин малхбалехь.

Цо яржийна Оьрсийчохь ксенофоби, кхин къаьмнаш ла цадалар, репрессеш. Цо вуно кхераме ловзарш долийна, эххаре а Малхбузенца тIом эккхийта мегаш долу. Цул сов, цуьнах адамаш лечкъадархо хилла.

Полицин эпсар.

Оьрсийчоьнан векалш чIагIдарехь, КохIвер Эстон Эстонин шпион ву, Оьрсийчоьнан территори тIехь шпионаж лелош лаьцна волу. Амма иза бакъ дац. Иза шпион а вац, я хилла а вац. Иза бехке верг цхьа хIума ду. Цу стага дика беш хилла шен болх, цундела хьаьржина иза Оьрсийчоьнан Iедалша бекхам бан.

Оьсрийчоь -- Эстонера полисхо КохIвер Эстон Псковрчу кхелехь, Манг 2, 2015

КохIвер Эстонин чоьхьарчу кхерамазаллин сервисан эпсар ву. Ша дIолоцучу деношкахь КохIвер таллам беш хилла Эстонерчу оьрсийн зуламхойн тобанаша харцонца сурсаташ дIасакхоьхьуш лелочу зуламашна.

2014-чу шарахь Гезгмашин-беттан 5-чу дийнахь Оьрсийчоьнца долчу дозанна гена йоцуш Iуьллучу Миксе (Miikse) олучу эвлан гонахарчу хьуьнхахь иза цхьаьнакхета везаш вара зуламхоша лелочух шена дуьйцур ду аьлла хаам бинчу стагца. Иза цунна йина кIело хиллера.

Цу метте воьдуш муьлуш бу цахуучу наха граната а эккхийтина тилкхаз а ваьккхина, тIе тапча а лаьцна, лачкъа а вина дIавигира КохIвер Оьрсийчу. Оццу дийнахь Эстонин а, Оьрсийчоьнан а дозанхоша теллира КохIвер тIепаза вайна меттиг.

Цара шина маттахь хIоттийначу кехатан тIехь дуьйцуш ду иза дIавигинчу нехан ларш цкъа дуьххьара Оьрсийчура Эстонин территори тIе йоьлхуш хилар а, юха Оьрсийчу дIайоьлхуш хилар а. Цара иштта билгалдаьккхина цу меттехь граната иккхина ор хилар а.

ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Псковн махкарчу кхело 15 шо хан кхайкхийра КохIверна, шпионаж лелийна аьлла бехке а вина.

Режиссер

Оьрсийчоьнан векалш дIахьедарш до Сенцов Олег террорхо ву бохуш. Амма иза вац террорхо. Иза бехке варг цхьа хIума ду – майра хилар, Оьрсийчоьно харцонца шен даймохк дIалацарна, лечкъа а ца лечкъаш, дуьхьал вала иза кийча хилар.

Оьрсийчоь - Сенцов Олег Ростох кхелехь.

Сенцов Украинера кинон режиссер ву. 2012-чу шарахь Роттердамерчу конофестивалехь массера а тидам тIебахийтинера цуьнан «Гамер» (Gaamer) цIе йолчу филмо. Сенцов ша цхьаммо шен ши бер а кхобуш вехаш вара. ГIирмехь вина волу иза Евромайданан жигара агIонча вара.

Иза вуно дуьхьал вара Оьрсийчоьно ГIирма дIалацарна. Сенцовс гIо динера цу ахгIайренна тIехь гоне лаьцна болчу Украинин эскархошна кхача дIакхачош.

2014-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервисан агенташ лецира Сенцов Олег Симферополехь ГIирман аннекси ярна дуьхьал йолу акци дIайирзинчул тIаьхьа.

Кхин а масийтта де даьлча иза гучувелира Москох талламан изоляторна чохь. Сенцовна бехке диллинарг дара Цхьаалин Оьрсийчоь партин а, «ГIирмера оьрсийн юкъаралла» тобанан а офисаш ягор. Цул сов, иза бехке винера Симферополера Ленинан статуя а, йовр йоцу цIе а эккхийта кечлуш хилла аьлла.

Оьрсийн прокурорийн аьтто цабаьлла Сенцов бехке хиларан тоьшаллаш дало. Ткъа теш ву аьлла валийначу стага юхаийцира ша дийцинарг, шена ницкъ барна дийцинера ша иза аьлла.

ХIетте а Ростох йоьдучу кхелехь 23 шо набахтехь даккха хан тоха цунна аьлла кхайкхам бина цара.

Ша дагахь вац хIумма а деха, массо а кхеташ ву оккупантийн кхел нийсонца хуьлийла цахиларх, элира цо кхелехь вист хуьлуш Сенцовс.

Кеманхо.

Путинан кхечу пачхьалкхашкарчу закъалтхойх уггаре а евзаш ерг Савченко Надежда ю. Оьрсийчоьнан Iедалша цо нах байина бохуш чIагIдо. Амма цуьнан бехк болуш цхьа хIума ду: шен дахар а ца кхоош шен Даймехкан маршо ларьяр.

Оьрсийчоь -- Савченко Надежда Ростох суьдехь кхел йоьдуш яьккхина видео, Марс21, 2015

​Укринин тIеман пилот йолу дуьххьарлера зуда Савченко шен лаамехь къийсам дIахьош яра Донбассехь Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташца. Луганск кIоштахь Металлист олучу эвлана уллехь Украинин эскархой къелхьара баха яханчу тобанна юкъахь яра иза, сепаратисташа йийсаре лоцуш.

Иза дара стохка Мангал-бутт юккъе болуш. Мангал-беттан 19-чу дийнахь сепаратисташа видео Iора яьккхира Савченкох лаьцна. Иза, буржулш а тоьхна, дIатесна яра аьчкан биргIанах.

Кхин а цхьа кIира даьлча Санченко гучуелира Оьрсийчохь. Цунна бехке диллинарг дара минометаш а тоьхна Оьрсийчура ши журналист вуьш дакъалацар а, бакъо а йоцуш Оьрсийчоьнан доза хадор а.

Савченкон адвокаташа дийцарехь, цу дийнахь яьккхина видео а, цуьнан мобилан телефон а теллича гуш ду Савченко йийсаре лаьцна хилла хилар ши журналист веле хьалха. Делахь а 25 шо хан тоха мегаш ю Савченко Надеждина.

Путина адамаш лечкъоран ловзарх балабаьлла хилар доцург КохIвер а, Сенцов а, Савченко а цхьатера нах хилар гойтуш кхин цхьа хIума а ду. Уьш берш Советан пачхьалкхехь бина бу. Уьш берш маьрша яьллачу шайн республикашкахь кхиаме а, даймохк безаш а нах а хилла дIахIиттина. Ткъа Советан пачхьалкх йохар инзаре боккха бохам хетачу Путинна хьалха вуно доккха зулам ду цу наха динарг.

Амма вай и нах тIеэца беза вуно кхерамечу пачхьалкхо лачкъийна дIабигина Путинан закъалтхой санна.

Гочйинарг ву Шамаев Руслан.