Нохчийн политикан тутмакхан Мусаева Заремин могушаллин хьал кхерамечу хьолана герга ду, дIахьедина адвокато Савин Александра. Цо дийцарехь, диабет цамгар дегIаца йолчу кхел йинчу зудчун цӀийца хила беза шекаран барам лакхара бу, цуьнан инсулинан доза хаддаза алсамдоккхуш ду, амма цунах гӀоле ца хуьлу.
Савина билгалдаьккхира, ФСИН-ра лоьрийн декъан белхахоша Мусаева шен-шен хенахь дарбанан цIийне охьа а йуьллуш, цунна дарба дан дезаш хиларх кехат дахьийтарх. Цхьа а жоп ца делла, цундела адвокаташа кхайкхам хьажийна Нохчийчуьрчу могушаллин министралле.
Политикан тутмакхан могушаллин хьолах лаьцна хиина Савинна шинаридийнахь республикан Лакхарчу кхелан дIайахьа леринчу, амма аьтто ца баьллачу кхеташонехь. Цигахь аппеляцин къепехь луьстуш хила дезаш дара Мусаева ханна маьршаяккхар доьхуш дина дехар, хаам бо "Ӏазапна дуьхьал йолчу тобано".
Эххар а кхеташо баттана дIатеттина, хIунда а аьлча, волайнхочуьнга цунах лаьцна хаийтина цахиларна. Вуьйцург ву кадыровхоша лачкъийначу нохчийн оппозицин вежарийн ЯнгулбаевгIеран нанас тӀелатар дина боху полисхо.
Мусаева Заремин набахтехь йаккха тоьхна хан чекхйолуш йу 2025-чу шеран зазадокху-баттахь.
- 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 25 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира и.
- ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
- Стохка товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо кхайкхийра набахтехь даккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуран-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
- Стигалкъекха-беттан 28-чохь Нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн ненан Мусаева Заремин хьокъехь харцонаш лелийна хилар бакъдира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Страсбургера кхелан сацамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Iедалхой декхаре бу цунна 52 эзар евро компенсаци охьайилла. Кхин а йалх-йалх эзар евро кхачийна Мусаеван хIусамдена, кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, церан йоIана Алияна а. Украине шуьйрачу тIамца тIелеттачул тIаьхьа Оьрсийчоьно дуьхьало йира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбан.