Your browser doesn’t support HTML5
Юккъерчу хьесапехь 1500-2000 эзар евро хуьлу Европехь бехачу нохчийн белхан алапа, нагахь санна лакхара я лакхарчуьнга кхочуш дешна а волуш, юкъараллехь юкъарчу классо беш болчарех цхьанхьа балха хIотта церан кадаьллехь. Мелла а кIезиг я мелла а лакха а хила тарло ю терахь, болхбечун квалификацега а, белхан зеделлачуьнга а хьаьжжина.
Цу алапах, масала, Германехь а, Австрехь а бехачу нохчийн, меттигерчу бахархойн а санна, уггаре а дукхах ахча петарех а, цIенойх а дIадолу. Европин бахархой аренда ечу хIусамашкахь бехаш бу доккхачу декъехь, иштта бу Малхбузе дIабахана болу вайнах а.
Венехь ехачу Сатуева Iайшата дийцарехь, цуьнан алапа а, доьзална тIедогIуш долу кхин долу рицкъ а вовшахтоьхча, цу ахчанах гергарчу хьесапехь 60 процент петаран арендах а, цу чуьрчу электроэнергих, йовхонах а дIадолуш ду.
Сатуева Iайшат: „Суна баттахь тIедогIуш долу ахча ас юккъехула декъча, петарх долург а, юург а, молург а, тIеюухург а, массо а хIума а тидаме а эцна, тIаккха сан цу ахчанах 60 процент петархий, цу чуьрчу серлонах, газах а дIадолу-кх сан.
Юург -мерг ас мел мерза даарх, мел деза даарх, цунах кIезгох долу сан петарх долучух чул а. Кхузахь бехачу кхечеран а кхин кIезгох долу аьлла ца хета суна“.
Доьзалехь машен йолчеран цу машенах хIора баттахь яла езачу ясакхна а, иза чохь латточу гаражах а долу дукха ахча дIа. Машенаш шаьш, лелийнарг эцча-м муххале а, башха еза ца хилахь а, Iедало кредитах луш хилахь а, иза лелорна харжаш дукха йолу.
Иштта, масала, кIезиг бен бензин ца дойъуш, жимчу машенах, мел кIезга а, 60-70 евро ясакх яла еза баттахь, мел кIезга а оццул 60-70 евро гаражчохь меттигах а бала беза. Ткъа нохчашлахь кIеззиг бу цу тайпана кегийра машенаш оьцуш берш, массара а аьлча санна Мерседесаш а, БМВ-аш, тайп-тайпана джипаш а оьцуш хиларна, баттахь царех ло ясакх а бIе еврол совйолу.
Делахь а, машен хIоранне а яц, ткъа петарх массеран а мах бала беза. Венехь ехачу Газиева Азас тIечIагIдо, уггаре а дукхах ахча доьзалан бюджетера хIусамах а, цуьнца йоьзначу харжех а дIадолу бохург. Цул совнаха, Азас дийцарехь, шо шаре мел долу тIебетталуш а бу петарийн мах.
Газиева Аза: „СхьакардогIучу ахчанах а, Iедало схьалучу ахчанах а, соьга хаьттича, 70 процент хIусаман арендах а, цу чохь коммуналан хьашташна а дIадолуш ду, нагахь санна доьзал Iедалера болхбоцучеран гIо оьцуш белахь.
Нагахь санна хьо болхбеш елахь а, башха хийцам бац, хьан доьзалера 3-4 стаг балхахь вацахь. ТIехула тIе хIора шарахь тIебетталуш а бу и мехаш. Мацалла -м ца ле хьо, делахь а халла бен хене вала ца вуьту цу петарийн мехаша“.
Австрерчу статистикан хьукматан терахьашца, юкъерчу меттигерчу доьзало уггаре а дукхах ахча шайн хIусамех а, петарех а ло. ШозлагIчу меттехь юург-мерг ю, ткъа къозлагIчохь - машенна деш долу зе а, некъан билеташна луш дерг а ду. Цу терахьашца дуьстича, юкъарчу европахойнчарех башха къаьсташ дац Малхбузехь бехачу нохчаша шайн ахча хьажор а.