Оьрсийн эскархоша нохчийн къоман тIехь йиначу геноцидана уггаре а къизачех цхьа дакъа ду, цара шаьш байинчу нехан декъеш цхьа а я цIе а, я кхин билгало а йоцучу, дукхаъ нах цхьаьна а дIабухкучу оьрнашкахь дIатеIийна хилар.
Тахана а, шайн гергарчийн лараш лоьхуш лела цу нехан йиша-ваша. ТIом марсабаьлла боьдучу муьрехь, тхан корреспондент Азимова Сийлаха хилира оьрсийн эскархоша дIалаьцначу Соьлжа-гIалахь. Цу хенахь цигахь дуккха дара, латта дакъадала кхианза и тайпа кешнаш, бохуш дуьйцу цо.